Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 189 – 206

  1. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَجَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا لِيَسْكُنَ إِلَيْهَا ۖ فَلَمَّا تَغَشَّاهَا حَمَلَتْ حَمْلًا خَفِيفًا فَمَرَّتْ بِهِ ۖ فَلَمَّا أَثْقَلَتْ دَعَوَا اللَّهَ رَبَّهُمَا لَئِنْ آتَيْتَنَا صَالِحًا لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча – байа болчу мохьца язло и‚ и дӀакхоьхьу цо. ТӀаккха иза язъелча, цара шиммо (майрачо а‚ зудчо а) шайн Кхиош-кхобучу Деле доьху: 'Ахь тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарах хир дара-кх'

    7:189
  2. فَلَمَّا آتَاهُمَا صَالِحًا جَعَلَا لَهُ شُرَكَاءَ فِيمَا آتَاهُمَا ۚ فَتَعَالَى اللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    ТӀаккха цо шаьш-шинна дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост хилийтина цу шиммо. Лакхавели Дела цара накъост лацарах

    7:190
  3. أَيُشْرِكُونَ مَا لَا يَخْلُقُ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ

    Цара хуьлуьйту ткъа Цунна накъост ша хӀумма цакхуллург‚ шаьш кхечо (Дала) кхуллуш берш?

    7:191
  4. وَلَا يَسْتَطِيعُونَ لَهُمْ نَصْرًا وَلَا أَنْفُسَهُمْ يَنْصُرُونَ

    Царна гӀодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гӀо ца до цара

    7:192
  5. وَإِنْ تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ لَا يَتَّبِعُوكُمْ ۚ سَوَاءٌ عَلَيْكُمْ أَدَعَوْتُمُوهُمْ أَمْ أَنْتُمْ صَامِتُونَ

    Аш уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тӀаьхьа а ца хӀуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аш уьш кхайкхахь а‚ я шу севца /д/ Ӏахь а

    7:193
  6. إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ عِبَادٌ أَمْثَالُكُمْ ۖ فَادْعُوهُمْ فَلْيَسْتَجِيبُوا لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Аш, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш – шух терра /Делан/ леш бу. Кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь

    7:194
  7. أَلَهُمْ أَرْجُلٌ يَمْشُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ أَيْدٍ يَبْطِشُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ أَعْيُنٌ يُبْصِرُونَ بِهَا ۖ أَمْ لَهُمْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا ۗ قُلِ ادْعُوا شُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ كِيدُونِ فَلَا تُنْظِرُونِ

    Ткъа церан когаш бу, шаьшца уьш дӀасалелаш‚ я церан куьйгаш ду, цара шаьш детташ‚ я церан бӀаьргаш бу, шаьшца царна гуш‚ я церан лергаш ду, шаьшца царна хозуш? Ахь āла: 'Кхайкха шайн накъосташка‚ мекарло е суна‚ тӀаьхьа ма татта со

    7:195
  8. إِنَّ وَلِيِّيَ اللَّهُ الَّذِي نَزَّلَ الْكِتَابَ ۖ وَهُوَ يَتَوَلَّى الصَّالِحِينَ

    Баккъалла а, сан доттагӀ (доладийриг) – Дела ву‚ Ша жайна доссош хилла волу‚ И ву дикачарех Ӏуналла деш верг'

    7:196
  9. وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَكُمْ وَلَا أَنْفُسَهُمْ يَنْصُرُونَ

    Аш, И (Дела) а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гӀо дан луш бац уьш‚ шайна гӀо дийр долуш а бац

    7:197
  10. وَإِنْ تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ لَا يَسْمَعُوا ۖ وَتَرَاهُمْ يَنْظُرُونَ إِلَيْكَ وَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ

    Аш шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш, – царна ца го

    7:198
  11. خُذِ الْعَفْوَ وَأْمُرْ بِالْعُرْفِ وَأَعْرِضْ عَنِ الْجَاهِلِينَ

    КъинтӀера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехӀал нах

    7:199
  12. وَإِمَّا يَنْزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۚ إِنَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    ШайтӀанера талхор хьо талхо гӀертахь, – Делаца ларвалар дēха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    7:200
  13. إِنَّ الَّذِينَ اتَّقَوْا إِذَا مَسَّهُمْ طَائِفٌ مِنَ الشَّيْطَانِ تَذَكَّرُوا فَإِذَا هُمْ مُبْصِرُونَ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтӀанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво (зикр до) цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/

    7:201
  14. وَإِخْوَانُهُمْ يَمُدُّونَهُمْ فِي الْغَيِّ ثُمَّ لَا يُقْصِرُونَ

    Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гӀо до хьуна цара (шайтӀано а, цуьнан накъосташа а)‚ тӀаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь)

    7:202
  15. وَإِذَا لَمْ تَأْتِهِمْ بِآيَةٍ قَالُوا لَوْلَا اجْتَبَيْتَهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا أَتَّبِعُ مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ مِنْ رَبِّي ۚ هَٰذَا بَصَائِرُ مِنْ رَبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Ахь шайга аят ца деъча‚ олура: 'Айхьа хаьржина хиллехьара ахь /аят/'. Ахь āла: 'Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догӀучу вехьена бен со тӀаьхьахӀуттуш вац. ХӀара /Къуръан/ – шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана'

    7:203
  16. وَإِذَا قُرِئَ الْقُرْآنُ فَاسْتَمِعُوا لَهُ وَأَنْصِتُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Къуръан доьшуш долуш – ладогӀа цуьнга‚ гӀовгӀа ма е‚ шух къинхетам бан тарло

    7:204
  17. وَاذْكُرْ رَبَّكَ فِي نَفْسِكَ تَضَرُّعًا وَخِيفَةً وَدُونَ الْجَهْرِ مِنَ الْقَوْلِ بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ وَلَا تَكُنْ مِنَ الْغَافِلِينَ

    Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь (меллаша), /Цуьнга/ хьасталой‚ /Цунах/ кхоьруш‚ чӀогӀа доцчу озаца Ӏуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарах

    7:205
  18. إِنَّ الَّذِينَ عِنْدَ رَبِّكَ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيُسَبِّحُونَهُ وَلَهُ يَسْجُدُونَ ۩

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дерш Цунна Ӏибадат дарна куралла еш дац‚ массо а вочух И цӀанвеш ду, Цунна сужд деш ду

    7:206

Гочдар: Магомед Магомедов