Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 24 – 27

  1. قَالَ اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Элира /Дала/: 'Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагӀий ду. Лаьттахь шуна чӀагӀам а‚ цхьа хан тӀеккхаччалц бахам а хир бу'

    7:24
  2. قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ

    Элира: 'Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду'

    7:25
  3. يَا بَنِي آدَمَ قَدْ أَنْزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًا يُوَارِي سَوْآتِكُمْ وَرِيشًا ۖ وَلِبَاسُ التَّقْوَىٰ ذَٰلِكَ خَيْرٌ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ

    7:26
  4. يَا بَنِي آدَمَ لَا يَفْتِنَنَّكُمُ الشَّيْطَانُ كَمَا أَخْرَجَ أَبَوَيْكُمْ مِنَ الْجَنَّةِ يَنْزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْآتِهِمَا ۗ إِنَّهُ يَرَاكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُ مِنْ حَيْثُ لَا تَرَوْنَهُمْ ۗ إِنَّا جَعَلْنَا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

    ХӀай Āдаман кӀентий! Шу данне а Ӏеха ма дойла шайтӀано‚ цо шун да-наний ялсаманичуьра арадахаре терра, схьадоккхуш церан шинна тӀера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтӀанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтӀанаш хилийтина цатешачарна доттагӀий (доладийраш)

    7:27

Гочдар: Магомед Магомедов