Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 26 – 31
-
يَا بَنِي آدَمَ قَدْ أَنْزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًا يُوَارِي سَوْآتِكُمْ وَرِيشًا ۖ وَلِبَاسُ التَّقْوَىٰ ذَٰلِكَ خَيْرٌ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
ХӀай Āдаман кӀентий! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ
7:26 -
يَا بَنِي آدَمَ لَا يَفْتِنَنَّكُمُ الشَّيْطَانُ كَمَا أَخْرَجَ أَبَوَيْكُمْ مِنَ الْجَنَّةِ يَنْزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْآتِهِمَا ۗ إِنَّهُ يَرَاكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُ مِنْ حَيْثُ لَا تَرَوْنَهُمْ ۗ إِنَّا جَعَلْنَا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ
ХӀай Āдаман кӀентий! Шу данне а Ӏеха ма дойла шайтӀано‚ цо шун да-наний ялсаманичуьра арадахаре терра, схьадоккхуш церан шинна тӀера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтӀанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтӀанаш хилийтина цатешачарна доттагӀий (доладийраш)
7:27 -
وَإِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً قَالُوا وَجَدْنَا عَلَيْهَا آبَاءَنَا وَاللَّهُ أَمَرَنَا بِهَا ۗ قُلْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ ۖ أَتَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: 'Тхан дай карийна тхуна цунна тӀехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аш олу ткъа Делах лаьцна шайна цахуург?'
7:28 -
قُلْ أَمَرَ رَبِّي بِالْقِسْطِ ۖ وَأَقِيمُوا وُجُوهَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ ۚ كَمَا بَدَأَكُمْ تَعُودُونَ
Āла: 'Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хӀоттае шайн яххьаш /Далла тӀе/ хӀор сужд дечу меттигехь а, сужд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цӀандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра /лаьттах/‚ юхадоьрзур ду шу /лаьтте, делча къематде далц /'
7:29 -
فَرِيقًا هَدَىٰ وَفَرِيقًا حَقَّ عَلَيْهِمُ الضَّلَالَةُ ۗ إِنَّهُمُ اتَّخَذُوا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ مُهْتَدُونَ
Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тӀехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтӀанех доттагӀий (доладийраш) лаьцна шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду
7:30 -
يَا بَنِي آدَمَ خُذُوا زِينَتَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
ХӀай Āдаман кӀентий! Схьаэца шайн хаза духар хӀор сужд дечу меттигахь а, сужд дечу хенахь а (хаза, цӀена духар духа, шаьш ламаз деш а, тӀаваф деш а – хьажцӀенна го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ /шайн хманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /хманан/ кхоам беш боцурш
7:31
Гочдар: Магомед Магомедов