Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 44 – 50

  1. وَنَادَىٰ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ أَصْحَابَ النَّارِ أَنْ قَدْ وَجَدْنَا مَا وَعَدَنَا رَبُّنَا حَقًّا فَهَلْ وَجَدْتُمْ مَا وَعَدَ رَبُّكُمْ حَقًّا ۖ قَالُوا نَعَمْ ۚ فَأَذَّنَ مُؤَذِّنٌ بَيْنَهُمْ أَنْ لَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ

    Ялсаманин дайша жоьжахатин дайшка кхойкхур: 'Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-кхобучо тхуна ваӀда йина хилларг бакъхилла‚ шуна карийний шун Кхиош-кхобучо шуна ваӀда йина хилларг бакъхилла?' Цара эр: 'ХӀаъ'. ТӀаккха дӀахьедархочо дӀахьедира царна юккъехь: 'Делан неӀалт хуьлда зуламхошна'‚ аьлла

    7:44
  2. الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُمْ بِالْآخِرَةِ كَافِرُونَ

    Ишттанаш бу уьш шаьш дӀатилабеш /нах/ Делан некъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхарт керстадеш ма бу

    7:45
  3. وَبَيْنَهُمَا حِجَابٌ ۚ وَعَلَى الْأَعْرَافِ رِجَالٌ يَعْرِفُونَ كُلًّا بِسِيمَاهُمْ ۚ وَنَادَوْا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ ۚ لَمْ يَدْخُلُوهَا وَهُمْ يَطْمَعُونَ

    Царний, вукхарний юккъехь дуьхьало хир ю. АӀрафана тӀехь нах хир бу, шайна массо а вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманин дайшка цара кхойкхур ду: 'Саламун Ӏалайкум'‚ аьлла. Оцу /ялсамани/ чу гӀур бац уьш‚ уьш чӀогӀа лууш ма бара

    7:46
  4. وَإِذَا صُرِفَتْ أَبْصَارُهُمْ تِلْقَاءَ أَصْحَابِ النَّارِ قَالُوا رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Жоьжахатин дай болчу агӀор шайн бӀаьрса ддерзича‚ цара аьр: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца'

    7:47
  5. وَنَادَىٰ أَصْحَابُ الْأَعْرَافِ رِجَالًا يَعْرِفُونَهُمْ بِسِيمَاهُمْ قَالُوا مَا أَغْنَىٰ عَنْكُمْ جَمْعُكُمْ وَمَا كُنْتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ

    АӀрафан дайша кхойкхур ду нахе, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ ōлуш: 'ХӀун пайда би шун гулдаро а (аш дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аш куралла еш хиларо а?'

    7:48
  6. أَهَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَقْسَمْتُمْ لَا يَنَالُهُمُ اللَّهُ بِرَحْمَةٍ ۚ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمْ وَلَا أَنْتُمْ تَحْزَنُونَ

    'ХӀорш бу уьш, аш дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царах кхетар бац‚ бохуш?' 'ЧугӀо ялсаманина. Кхерам а хир ма бац шуна‚ шу сингаттаме (пошме) а хир ма дац '

    7:49
  7. وَنَادَىٰ أَصْحَابُ النَّارِ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ أَفِيضُوا عَلَيْنَا مِنَ الْمَاءِ أَوْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ ۚ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ حَرَّمَهُمَا عَلَى الْكَافِرِينَ

    Жоьжахатин дайша ялсаманин дайшка кхойкхур: 'Доттийша тхуна тӀе хи я Дала шайна деллачу рицкъанах /цхьацца хма лойша тхуна/'. Цара аьр: 'Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду цатешачарна' –

    7:50

Гочдар: Магомед Магомедов