Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 48 – 53
-
وَنَادَىٰ أَصْحَابُ الْأَعْرَافِ رِجَالًا يَعْرِفُونَهُمْ بِسِيمَاهُمْ قَالُوا مَا أَغْنَىٰ عَنْكُمْ جَمْعُكُمْ وَمَا كُنْتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ
АӀрафан дайша кхойкхур ду нахе, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ ōлуш: 'ХӀун пайда би шун гулдаро а (аш дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аш куралла еш хиларо а?'
7:48 -
أَهَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَقْسَمْتُمْ لَا يَنَالُهُمُ اللَّهُ بِرَحْمَةٍ ۚ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمْ وَلَا أَنْتُمْ تَحْزَنُونَ
'ХӀорш бу уьш, аш дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царах кхетар бац‚ бохуш?' 'ЧугӀо ялсаманина. Кхерам а хир ма бац шуна‚ шу сингаттаме (пошме) а хир ма дац '
7:49 -
وَنَادَىٰ أَصْحَابُ النَّارِ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ أَفِيضُوا عَلَيْنَا مِنَ الْمَاءِ أَوْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ ۚ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ حَرَّمَهُمَا عَلَى الْكَافِرِينَ
Жоьжахатин дайша ялсаманин дайшка кхойкхур: 'Доттийша тхуна тӀе хи я Дала шайна деллачу рицкъанах /цхьацца хма лойша тхуна/'. Цара аьр: 'Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду цатешачарна' –
7:50 -
الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَهُمْ لَهْوًا وَلَعِبًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ فَالْيَوْمَ نَنْسَاهُمْ كَمَا نَسُوا لِقَاءَ يَوْمِهِمْ هَٰذَا وَمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
Уьш бу шайн динах цадашар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Ӏехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хӀокху шайн денна дуьхьалкхетар шаьш дицдаре терра‚ уьш тхан аяташ керстадеш хиларе терра
7:51 -
وَلَقَدْ جِئْنَاهُمْ بِكِتَابٍ فَصَّلْنَاهُ عَلَىٰ عِلْمٍ هُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Тхо даьхкина ма дара цаьрга жайнаца‚ Оха ша билгалдаьккхина долчу Ӏилманца‚ тешаш долчу къомана ша нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу
7:52 -
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا تَأْوِيلَهُ ۚ يَوْمَ يَأْتِي تَأْوِيلُهُ يَقُولُ الَّذِينَ نَسُوهُ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَاءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ فَهَلْ لَنَا مِنْ شُفَعَاءَ فَيَشْفَعُوا لَنَا أَوْ نُرَدُّ فَنَعْمَلَ غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ ۚ قَدْ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
И тидаре бен хьовсуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: 'Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тӀехь. ХӀинца тхуна шапаӀат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо юхадерзадан‚ тӀаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу /дика/Ӏамал'. Цара шаьш хллакдира шаьш‚ дӀатилира царах цара /харц/ кхуллуш хилларг
7:53
Гочдар: Магомед Магомедов