Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 54 – 58

  1. إِنَّ رَبَّكُمُ اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ يَطْلُبُهُ حَثِيثًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ وَالنُّجُومَ مُسَخَّرَاتٍ بِأَمْرِهِ ۗ أَلَا لَهُ الْخَلْقُ وَالْأَمْرُ ۗ تَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву –/цхьа Аллах Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ тӀаккха дӀанисвелира Иза Ӏарша тӀехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚ /царах/ хӀораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Ӏаламийн Да

    7:54
  2. ادْعُوا رَبَّكُمْ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ

    Кхайкха (доӀа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга хьасталой а‚ меллаша а (доӀа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш

    7:55
  3. وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا وَادْعُوهُ خَوْفًا وَطَمَعًا ۚ إِنَّ رَحْمَتَ اللَّهِ قَرِيبٌ مِنَ الْمُحْسِنِينَ

    Боьханиг ма леладе лаьттахь и цӀанделлачул тӀаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дикачарна

    7:56
  4. وَهُوَ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَقَلَّتْ سَحَابًا ثِقَالًا سُقْنَاهُ لِبَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَنْزَلْنَا بِهِ الْمَاءَ فَأَخْرَجْنَا بِهِ مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۚ كَذَٰلِكَ نُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара /догӀих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догӀа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш

    7:57
  5. وَالْبَلَدُ الطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَالَّذِي خَبُثَ لَا يَخْرُجُ إِلَّا نَكِدًا ۚ كَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَشْكُرُونَ

    Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хӀума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана

    7:58

Гочдар: Магомед Магомедов