Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 57 – 58

  1. وَهُوَ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَقَلَّتْ سَحَابًا ثِقَالًا سُقْنَاهُ لِبَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَنْزَلْنَا بِهِ الْمَاءَ فَأَخْرَجْنَا بِهِ مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۚ كَذَٰلِكَ نُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара /догӀих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догӀа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш

    7:57
  2. وَالْبَلَدُ الطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَالَّذِي خَبُثَ لَا يَخْرُجُ إِلَّا نَكِدًا ۚ كَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَشْكُرُونَ

    Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хӀума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана

    7:58

Гочдар: Магомед Магомедов