Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 65 – 71
-
وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۚ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Ӏадашка а /вахийтира/ церан ваша ХӀýд. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Ӏибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?'
7:65 -
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي سَفَاهَةٍ وَإِنَّا لَنَظُنُّكَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: 'Баккъалла а, тхуна хьо го Ӏовдаллина чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарах'
7:66 -
قَالَ يَا قَوْمِ لَيْسَ بِي سَفَاهَةٌ وَلَٰكِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Цо элира: 'ХӀай сан къам! Сох Ӏовдалалла а ма дац‚ делахь а, со Ӏаламийн Дегара элча ма ву
7:67 -
أُبَلِّغُكُمْ رِسَالَاتِ رَبِّي وَأَنَا لَكُمْ نَاصِحٌ أَمِينٌ
Ас шуьга дкхачадо сан Кхиош-кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча ма ву
7:68 -
أَوَعَجِبْتُمْ أَنْ جَاءَكُمْ ذِكْرٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍ مِنْكُمْ لِيُنْذِرَكُمْ ۚ وَاذْكُرُوا إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاءَ مِنْ بَعْدِ قَوْمِ نُوحٍ وَزَادَكُمْ فِي الْخَلْقِ بَسْطَةً ۖ فَاذْكُرُوا آلَاءَ اللَّهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучун шуна юккъера цхьана стагехула хьехам барах шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо шух тӀаьхье хилийтира Нухьан къомал тӀаьхьа‚ Цо шу алсамдехира догашкахь ницкъаца. Дагадайта Делан ниӀматаш‚ шу хила мегара хазахеташ'
7:69 -
قَالُوا أَجِئْتَنَا لِنَعْبُدَ اللَّهَ وَحْدَهُ وَنَذَرَ مَا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا ۖ فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Цара элира: 'Хьо тхуна веана тхоьга веккъа цхьана Далла Ӏибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Ӏибадат деш хилларг? ХӀаъ‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваӀда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь'
7:70 -
قَالَ قَدْ وَقَعَ عَلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ رِجْسٌ وَغَضَبٌ ۖ أَتُجَادِلُونَنِي فِي أَسْمَاءٍ سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا نَزَّلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ
Цо элира: 'Доьжна шуна тӀе шайн Кхиош-кхобучуьнгара Ӏазап а‚ оьгӀазло а. Соьца къуьйсу ткъа аш‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цӀершкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Хьоьжуш шу /Ӏазап догӀур ду шуна/‚ со а шуьца цхьана хьоьжуш чарах ву'
7:71
Гочдар: Магомед Магомедов