Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 72 – 92
-
فَأَنْجَيْنَاهُ وَالَّذِينَ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَقَطَعْنَا دَابِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ وَمَا كَانُوا مُؤْمِنِينَ
ТӀаккха и кӀелхьарваьккхира Оха /Ӏазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца. Тхан аяташ харцдиначеран тӀаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш
7:72 -
وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً ۖ فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ ۖ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Самудашка а /вахийтира Оха/ церан ваша СалихӀ. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Далла Ӏибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма еана шуьга‚ хӀара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аш иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Ӏитталолаш цунах зуламца – тӀаккха лазош долчу Ӏазапо схьалоцур ду шу
7:73 -
وَاذْكُرُوا إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاءَ مِنْ بَعْدِ عَادٍ وَبَوَّأَكُمْ فِي الْأَرْضِ تَتَّخِذُونَ مِنْ سُهُولِهَا قُصُورًا وَتَنْحِتُونَ الْجِبَالَ بُيُوتًا ۖ فَاذْكُرُوا آلَاءَ اللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Аш дагадайта Цо (Дала) шух Ӏадийл тӀаьхьа тӀаьхье хилийтар‚ Цо шу дāха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан (лаьттан) нийсачу меттигех аш гӀаланаш еш‚ цуьнан ламанех аш цӀенош а деш. Дагадайта Делан ниӀматаш. Ма де боьханиг лаьтта тӀехь'
7:74 -
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِمَنْ آمَنَ مِنْهُمْ أَتَعْلَمُونَ أَنَّ صَالِحًا مُرْسَلٌ مِنْ رَبِّهِ ۚ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلَ بِهِ مُؤْمِنُونَ
Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царах иман диллина болчу заьӀап нахе: 'Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?' Цара элира: 'Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх'
7:75 -
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا بِالَّذِي آمَنْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Куралла йиначара элира: 'Баккъалла а, тхо шу шех тешнарг керстадеш ду-кх'
7:76 -
فَعَقَرُوا النَّاقَةَ وَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُوا يَا صَالِحُ ائْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ
ТӀаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: 'ХӀай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваӀда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех'
7:77 -
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Ӏуьйренга бевлира шайн цӀеношкахь /белла/ Ӏункар а беттабелла
7:78 -
فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَةَ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ وَلَٰكِنْ لَا تُحِبُّونَ النَّاصِحِينَ
Царах юьстахвелира иза (Салихь)‚ элира: 'ХӀай сан къам! Ас шуьга дӀакхачийра сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх'
7:79 -
وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ
/Дагавайта хьайн къомана/ ЛутӀ‚ цо ма аьллера шен къоме: 'Сел боьханиг леладо ткъа аш‚ Ӏаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла воцу?
7:80 -
إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِنْ دُونِ النِّسَاءِ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ مُسْرِفُونَ
Баккъалла а, шу ду шовкъаца божаршна тгрташ, зударий а буьтий. Ма тламза къам ду-кх шу'
7:81 -
وَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَخْرِجُوهُمْ مِنْ قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара āлар бен: 'Арабāха уьш шайн юьртара – шаьш цӀена бу моьттуш нах бу уьш'
7:82 -
فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ
Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хилла бухайисинчарах /Ӏазапана чохь/
7:83 -
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
Царна тӀе догӀа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тӀаьхье!
7:84 -
وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Мадьянашка а церан ваша ШуӀайб /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Далла Ӏибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еана шун Кхиош-кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хӀуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тӀехь вониг и цӀандинчул тӀаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь
7:85 -
وَلَا تَقْعُدُوا بِكُلِّ صِرَاطٍ تُوعِدُونَ وَتَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِهِ وَتَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ وَاذْكُرُوا إِذْ كُنْتُمْ قَلِيلًا فَكَثَّرَكُمْ ۖ وَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
Некъаш ма лийца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чӀогӀа и ганбан гӀерташ. Аш дагадаийта шаьш кӀеззиг бен цахилар – Цо (Дала) дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тӀаьхье!
7:86 -
وَإِنْ كَانَ طَائِفَةٌ مِنْكُمْ آمَنُوا بِالَّذِي أُرْسِلْتُ بِهِ وَطَائِفَةٌ لَمْ يُؤْمِنُوا فَاصْبِرُوا حَتَّىٰ يَحْكُمَ اللَّهُ بَيْنَنَا ۚ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
Шух цхьа тоба иман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба иман ца дуьллуш хиллехь – аш собар де Дала вайна юккъехь цхьа хьукам далц. – Иза хьукам дечарах уггар диканиг ма ву'
7:87 -
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لَنُخْرِجَنَّكَ يَا شُعَيْبُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَكَ مِنْ قَرْيَتِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا ۚ قَالَ أَوَلَوْ كُنَّا كَارِهِينَ
Цуьнан къомах курабевлачеран элаша элира: 'Оха ваккханне а аравоккхур ма ву хьо‚ хӀай ШуӀайб‚ хьоьца цхьана иман диллинарш а тхан юьртара‚ я шу тхан дине юхадоьрзур ма ду'. Цо элира: 'Тхо хиллехь безам боцуш?
7:88 -
قَدِ افْتَرَيْنَا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا إِنْ عُدْنَا فِي مِلَّتِكُمْ بَعْدَ إِذْ نَجَّانَا اللَّهُ مِنْهَا ۚ وَمَا يَكُونُ لَنَا أَنْ نَعُودَ فِيهَا إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ رَبُّنَا ۚ وَسِعَ رَبُّنَا كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۚ عَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْنَا ۚ رَبَّنَا افْتَحْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ قَوْمِنَا بِالْحَقِّ وَأَنْتَ خَيْرُ الْفَاتِحِينَ
Далла тӀе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине юхадирзича (хӀинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тӀаьхьа. Тхуна Цунна тӀе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-кхобучунна‚ лаахь бен. Массо а хӀума Ӏилманца (хаарца) шорта дина тхан Кхиош-кхобучо. Далла тӀетевжина тхо. Тхо Кхиош-кхобург! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юккъехь дерг‚ Хьо /гӀуллакх/ дика достург ма ву-кх'
7:89 -
وَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لَئِنِ اتَّبَعْتُمْ شُعَيْبًا إِنَّكُمْ إِذًا لَخَاسِرُونَ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: 'Нагахь шу ШуӀайбана тӀаьхьахӀиттахь, баккъалла а, шу тӀаккха /шайна / зен деш ду-кх!'
7:90 -
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
ТӀаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Ӏуьйренга ма бевлира уьш шайн цӀеношкахь белла Ӏункар а беттабелла
7:91 -
الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۚ الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَانُوا هُمُ الْخَاسِرِينَ
ШуӀайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цӀеношкахь/ аьлла хеташ. ШуӀайб харцвинарш хилла-кх шаьш /шайна / зен деш
7:92
Гочдар: Магомед Магомедов