Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 73 – 84
-
وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً ۖ فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ ۖ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Самудашка а /вахийтира Оха/ церан ваша СалихӀ. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Далла Ӏибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма еана шуьга‚ хӀара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аш иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Ӏитталолаш цунах зуламца – тӀаккха лазош долчу Ӏазапо схьалоцур ду шу
7:73 -
وَاذْكُرُوا إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاءَ مِنْ بَعْدِ عَادٍ وَبَوَّأَكُمْ فِي الْأَرْضِ تَتَّخِذُونَ مِنْ سُهُولِهَا قُصُورًا وَتَنْحِتُونَ الْجِبَالَ بُيُوتًا ۖ فَاذْكُرُوا آلَاءَ اللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Аш дагадайта Цо (Дала) шух Ӏадийл тӀаьхьа тӀаьхье хилийтар‚ Цо шу дāха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан (лаьттан) нийсачу меттигех аш гӀаланаш еш‚ цуьнан ламанех аш цӀенош а деш. Дагадайта Делан ниӀматаш. Ма де боьханиг лаьтта тӀехь'
7:74 -
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِمَنْ آمَنَ مِنْهُمْ أَتَعْلَمُونَ أَنَّ صَالِحًا مُرْسَلٌ مِنْ رَبِّهِ ۚ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلَ بِهِ مُؤْمِنُونَ
Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царах иман диллина болчу заьӀап нахе: 'Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?' Цара элира: 'Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх'
7:75 -
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا بِالَّذِي آمَنْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Куралла йиначара элира: 'Баккъалла а, тхо шу шех тешнарг керстадеш ду-кх'
7:76 -
فَعَقَرُوا النَّاقَةَ وَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُوا يَا صَالِحُ ائْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ
ТӀаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: 'ХӀай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваӀда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех'
7:77 -
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Ӏуьйренга бевлира шайн цӀеношкахь /белла/ Ӏункар а беттабелла
7:78 -
فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَةَ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ وَلَٰكِنْ لَا تُحِبُّونَ النَّاصِحِينَ
Царах юьстахвелира иза (Салихь)‚ элира: 'ХӀай сан къам! Ас шуьга дӀакхачийра сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх'
7:79 -
وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ
/Дагавайта хьайн къомана/ ЛутӀ‚ цо ма аьллера шен къоме: 'Сел боьханиг леладо ткъа аш‚ Ӏаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла воцу?
7:80 -
إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِنْ دُونِ النِّسَاءِ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ مُسْرِفُونَ
Баккъалла а, шу ду шовкъаца божаршна тгрташ, зударий а буьтий. Ма тламза къам ду-кх шу'
7:81 -
وَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَخْرِجُوهُمْ مِنْ قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара āлар бен: 'Арабāха уьш шайн юьртара – шаьш цӀена бу моьттуш нах бу уьш'
7:82 -
فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ
Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хилла бухайисинчарах /Ӏазапана чохь/
7:83 -
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
Царна тӀе догӀа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тӀаьхье!
7:84
Гочдар: Магомед Магомедов