Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 77 – 78
-
فَعَقَرُوا النَّاقَةَ وَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُوا يَا صَالِحُ ائْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ
ТӀаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: 'ХӀай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваӀда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех'
7:77 -
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Ӏуьйренга бевлира шайн цӀеношкахь /белла/ Ӏункар а беттабелла
7:78
Гочдар: Магомед Магомедов