Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 84 – 86
-
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
Царна тӀе догӀа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тӀаьхье!
7:84 -
وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Мадьянашка а церан ваша ШуӀайб /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Далла Ӏибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еана шун Кхиош-кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хӀуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тӀехь вониг и цӀандинчул тӀаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь
7:85 -
وَلَا تَقْعُدُوا بِكُلِّ صِرَاطٍ تُوعِدُونَ وَتَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِهِ وَتَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ وَاذْكُرُوا إِذْ كُنْتُمْ قَلِيلًا فَكَثَّرَكُمْ ۖ وَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
Некъаш ма лийца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чӀогӀа и ганбан гӀерташ. Аш дагадаийта шаьш кӀеззиг бен цахилар – Цо (Дала) дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тӀаьхье!
7:86
Гочдар: Магомед Магомедов