Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 91 – 92
-
فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
ТӀаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Ӏуьйренга ма бевлира уьш шайн цӀеношкахь белла Ӏункар а беттабелла
7:91 -
الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۚ الَّذِينَ كَذَّبُوا شُعَيْبًا كَانُوا هُمُ الْخَاسِرِينَ
ШуӀайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цӀеношкахь/ аьлла хеташ. ШуӀайб харцвинарш хилла-кх шаьш /шайна / зен деш
7:92
Гочдар: Магомед Магомедов