Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 94 – 99
-
وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَبِيٍّ إِلَّا أَخَذْنَا أَهْلَهَا بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَضَّرَّعُونَ
Оха ца вахийтина /цхьанна/ юьрта цхьа а пайхамар шен охӀла баланашца а‚ халонашца а схьалуьйцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те /Далла/?
7:94 -
ثُمَّ بَدَّلْنَا مَكَانَ السَّيِّئَةِ الْحَسَنَةَ حَتَّىٰ عَفَوْا وَقَالُوا قَدْ مَسَّ آبَاءَنَا الضَّرَّاءُ وَالسَّرَّاءُ فَأَخَذْنَاهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
ТӀаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха уьш совбуьйлуш‚ цара элира: 'Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а'. ТӀаккха Оха цӀеххьана схьалецира уьш /Ӏазапаца/, царна ца хаалуш
7:95 -
وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْقُرَىٰ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَفَتَحْنَا عَلَيْهِمْ بَرَكَاتٍ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ وَلَٰكِنْ كَذَّبُوا فَأَخَذْنَاهُمْ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Яртийн охӀлано иман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а ниӀматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а, харцдина-кх цара /дин/. ТӀаккха Оха схьалийцира уьш шаьш карадеш хиллачуьнца
7:96 -
أَفَأَمِنَ أَهْلُ الْقُرَىٰ أَنْ يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا بَيَاتًا وَهُمْ نَائِمُونَ
Тешна юй-те яртийн охӀла Тхан Ӏазап шайна тӀе буса, шаьш наб еш лаьтташ‚ цадарна?
7:97 -
أَوَأَمِنَ أَهْلُ الْقُرَىٰ أَنْ يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا ضُحًى وَهُمْ يَلْعَبُونَ
Я тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Ӏазап шайна тӀе цадарах Ӏуьйранна, шаьш ловзуш долуш?
7:98 -
أَفَأَمِنُوا مَكْرَ اللَّهِ ۚ فَلَا يَأْمَنُ مَكْرَ اللَّهِ إِلَّا الْقَوْمُ الْخَاسِرُونَ
Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна хир ма дац /шена/ зен деш долу къам бен
7:99
Гочдар: Магомед Магомедов