Сурат 87 Аль-аIла (Вуно лекханиг), аят 1 – 8

  1. سَبِّحِ اسْمَ رَبِّكَ الْأَعْلَى

    /Массо а Шеца хила там бочу вочу сибтех/ цнъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-кхобучун цIе!

    87:1
  2. الَّذِي خَلَقَ فَسَوَّىٰ

    Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚

    87:2
  3. وَالَّذِي قَدَّرَ فَهَدَىٰ

    Ишттаниг а ву Иза Ша /массо а хманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚

    87:3
  4. وَالَّذِي أَخْرَجَ الْمَرْعَىٰ

    Ишттаниг а ву Иза Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу

    87:4
  5. فَجَعَلَهُ غُثَاءً أَحْوَىٰ

    Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла Iаржъелла яраш

    87:5
  6. سَنُقْرِئُكَ فَلَا تَنْسَىٰ

    Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза

    87:6
  7. إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ وَمَا يَخْفَىٰ

    Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучахь дерг а‚ къайлахь дерг а

    87:7
  8. وَنُيَسِّرُكَ لِلْيُسْرَىٰ

    Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна /тIаьхьахIотта хьо/

    87:8

Гочдар: Магомед Магомедов