Сурат 87 Аль-аIла (Вуно лекханиг), аят 14 – 19
-
قَدْ أَفْلَحَ مَنْ تَزَكَّىٰ
Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚
87:14 -
وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّىٰ
Ша Кхиош-кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз дийнарг
87:15 -
بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!
87:16 -
وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!
87:17 -
إِنَّ هَٰذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ
Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚
87:18 -
صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ
ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а
87:19
Гочдар: Магомед Магомедов