Сурат 87 Аль-аIла (Вуно лекханиг), аят 9 – 19

  1. فَذَكِّرْ إِنْ نَفَعَتِ الذِّكْرَىٰ

    Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайда бахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/!

    87:9
  2. سَيَذَّكَّرُ مَنْ يَخْشَىٰ

    Тлоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо

    87:10
  3. وَيَتَجَنَّبُهَا الْأَشْقَى

    Цунах хийрваьр ву хьуна тх декъазаваьлларг

    87:11
  4. الَّذِي يَصْلَى النَّارَ الْكُبْرَىٰ

    Иза ву хьуна вегар волуш йоккхачу цIаргахь

    87:12
  5. ثُمَّ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَىٰ

    ТIаккха иза лийр а вац цигахь /запах паргт а волуш/, вехар а вац /ирсе дахарехь/

    87:13
  6. قَدْ أَفْلَحَ مَنْ تَزَكَّىٰ

    Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚

    87:14
  7. وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّىٰ

    Ша Кхиош-кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз дийнарг

    87:15
  8. بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا

    ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!

    87:16
  9. وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ

    Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!

    87:17
  10. إِنَّ هَٰذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ

    Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚

    87:18
  11. صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ

    ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а

    87:19

Гочдар: Магомед Магомедов