Сурат 88 Аль-гӀашия, аят 1 – 26

  1. هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ الْغَاشِيَةِ

    Хьоьга деъний /хӀай Мухьаммад/ дӀалоцучун хабар?

    88:1
  2. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ خَاشِعَةٌ

    Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚

    88:2
  3. عَامِلَةٌ نَاصِبَةٌ

    Къахьоьгуш‚ кӀадъелла‚

    88:3
  4. تَصْلَىٰ نَارًا حَامِيَةً

    Евхачу цӀергахь егаш‚

    88:4
  5. تُسْقَىٰ مِنْ عَيْنٍ آنِيَةٍ

    Шайна цӀийдинчу хьостера хи малош

    88:5
  6. لَيْسَ لَهُمْ طَعَامٌ إِلَّا مِنْ ضَرِيعٍ

    Даар хир дац царна кӀохцалах бен

    88:6
  7. لَا يُسْمِنُ وَلَا يُغْنِي مِنْ جُوعٍ

    Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллах хьалхабохур а бац

    88:7
  8. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَاعِمَةٌ

    Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь ниӀмат хьоьгуш

    88:8
  9. لِسَعْيِهَا رَاضِيَةٌ

    Шаьш /дуьненахь йолуш Далла гӀуллакхдарехь/ къахьегарна реза йолуш

    88:9
  10. فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ

    Лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/

    88:10
  11. لَا تَسْمَعُ فِيهَا لَاغِيَةً

    Царна хозур дац цу чохь даьсса хабарш

    88:11
  12. فِيهَا عَيْنٌ جَارِيَةٌ

    Цу чохь оьхуш шовда хир ду

    88:12
  13. فِيهَا سُرُرٌ مَرْفُوعَةٌ

    Цу чохь айдина маьнганаш хир ду

    88:13
  14. وَأَكْوَابٌ مَوْضُوعَةٌ

    Охьадихкина кедаш хир ду

    88:14
  15. وَنَمَارِقُ مَصْفُوفَةٌ

    МогӀица дихкина гӀайбанаш хир ду

    88:15
  16. وَزَرَابِيُّ مَبْثُوثَةٌ

    Даржина кузаш а хир ду

    88:16
  17. أَفَلَا يَنْظُرُونَ إِلَى الْإِبِلِ كَيْفَ خُلِقَتْ

    Уьш ца хьовсу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю?

    88:17
  18. وَإِلَى السَّمَاءِ كَيْفَ رُفِعَتْ

    Стигале‚ иза муха аййина ю?

    88:18
  19. وَإِلَى الْجِبَالِ كَيْفَ نُصِبَتْ

    Лаьмнашка‚ уьш муха доьгӀна ду?

    88:19
  20. وَإِلَى الْأَرْضِ كَيْفَ سُطِحَتْ

    Лаьтте‚ иза муха даржина ду /тодина нахана пайда эца/?

    88:20
  21. فَذَكِّرْ إِنَّمَا أَنْتَ مُذَكِّرٌ

    Хьехам бе /хӀай Мухьаммад/! Хьо, баккъалла а, хьехамча ма вуй!

    88:21
  22. لَسْتَ عَلَيْهِمْ بِمُصَيْطِرٍ

    Хьо царна тӀе хӀоттийна хьаькам ма вац

    88:22
  23. إِلَّا مَنْ تَوَلَّىٰ وَكَفَرَ

    Ша дӀавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/

    88:23
  24. فَيُعَذِّبُهُ اللَّهُ الْعَذَابَ الْأَكْبَرَ

    Цунна Дала Ӏазап дийр ду вуно доккхачу Ӏазапаца

    88:24
  25. إِنَّ إِلَيْنَا إِيَابَهُمْ

    Баккъалла а, Тхуна тӀе церан дӀадерзар ду

    88:25
  26. ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا حِسَابَهُمْ

    ТӀаккха баккъалла а, Тхуна тӀехь церан хьесап ду

    88:26

Гочдар: Магомед Магомедов