Сурат 97 Аль-къадар (НуьцIкъалла), аят 1 – 5

  1. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةِ الْقَدْرِ

    Оха доссийна иза /Къуръан Лавхь махьфуз чуьра дуьненан стигла/ 'Лайлат-уль-къадр' олучу буса

    97:1
  2. وَمَا أَدْرَاكَ مَا لَيْلَةُ الْقَدْرِ

    Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат-уль-къадр?

    97:2
  3. لَيْلَةُ الْقَدْرِ خَيْرٌ مِنْ أَلْفِ شَهْرٍ

    Лайлат-уль-къадр буьйса дика ю эзар баттал

    97:3
  4. تَنَزَّلُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ مِنْ كُلِّ أَمْرٍ

    Охьадуьссу маликаш а‚ Са а (Джабраил малик) цу чохь шаьш Кхиош-кхобучун пурбанца массо а гIуллакх эцна

    97:4
  5. سَلَامٌ هِيَ حَتَّىٰ مَطْلَعِ الْفَجْرِ

    Салам-маршалла!.. Иза /хезар/ ду сатассалц

    97:5

Гочдар: Магомед Магомедов