Сурат 98 Аль-баййина (Билгала делил), аят 1 – 8

  1. لَمْ يَكُنِ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ مُنْفَكِّينَ حَتَّىٰ تَأْتِيَهُمُ الْبَيِّنَةُ

    Ца хилира жайнан охӀлах а‚ мушрикунех а болу керстанаш дтилаш /шаьш тӀехь хиллачу керста динах/ шайга къеггина делил далц

    98:1
  2. رَسُولٌ مِنَ اللَّهِ يَتْلُو صُحُفًا مُطَهَّرَةً

    Делера элча (Мухьаммад пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цӀена долу хьарчораш

    98:2
  3. فِيهَا كُتُبٌ قَيِّمَةٌ

    Царна чохь мехала долу яздинарш а (аяташ,хьукамаш) долуш

    98:3
  4. وَمَا تَفَرَّقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَةُ

    Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил деъначул тӀаьхьа а бен‚

    98:4
  5. وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ حُنَفَاءَ وَيُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُؤْتُوا الزَّكَاةَ ۚ وَذَٰلِكَ دِينُ الْقَيِّمَةِ

    Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Ӏибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог цна хуьлуш _/дечу/ бадатехь, бакъ долчунна (ИбрахӀиман а‚ Мухьаммадан а динна) тӀе тижаш‚ ламаз хӀоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин

    98:5
  6. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ فِي نَارِ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ أُولَٰئِكَ هُمْ شَرُّ الْبَرِيَّةِ

    Баккъалла а, жайнан охӀлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цӀергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх

    98:6
  7. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ هُمْ خَيْرُ الْبَرِيَّةِ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а уьш дика халкъ ду-кх!

    98:7
  8. جَزَاؤُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِيَ رَبَّهُ

    Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Ӏадн цӀе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг

    98:8

Гочдар: Магомед Магомедов