Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 100 – 110

  1. وَالسَّابِقُونَ الْأَوَّلُونَ مِنَ الْمُهَاجِرِينَ وَالْأَنْصَارِ وَالَّذِينَ اتَّبَعُوهُمْ بِإِحْسَانٍ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي تَحْتَهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    ДӀакхелхинчарах а‚ (царна) гӀо лаьцначарах а дуьххьара (ислам дин тоьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тӀаьхьахӀиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина, бухахула хиш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар хир бу. И сийлахь- боккха толам бу-кх!

    9:100
  2. وَمِمَّنْ حَوْلَكُمْ مِنَ الْأَعْرَابِ مُنَافِقُونَ ۖ وَمِنْ أَهْلِ الْمَدِينَةِ ۖ مَرَدُوا عَلَى النِّفَاقِ لَا تَعْلَمُهُمْ ۖ نَحْنُ نَعْلَمُهُمْ ۚ سَنُعَذِّبُهُمْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ يُرَدُّونَ إِلَىٰ عَذَابٍ عَظِيمٍ

    Шуна гонахь болчу дсакхелхаш лелачу Ӏаьрбех мунепикъаш а бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллина чу кӀорга бахана уьш. Хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Ӏазап дийр ду царна‚ тӀаккха деза-доккхачу Ӏазапе дберзор бу

    9:101
  3. وَآخَرُونَ اعْتَرَفُوا بِذُنُوبِهِمْ خَلَطُوا عَمَلًا صَالِحًا وَآخَرَ سَيِّئًا عَسَى اللَّهُ أَنْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара иэйира дика Ӏамал кхечу вочуьнца‚ Дала тōба къобалдан мега церан. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а

    9:102
  4. خُذْ مِنْ أَمْوَالِهِمْ صَدَقَةً تُطَهِّرُهُمْ وَتُزَكِّيهِمْ بِهَا وَصَلِّ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّ صَلَاتَكَ سَكَنٌ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Церан бахамах сагӀа эца – цуьнца догӀмаш а‚ синош а цӀандийр ду ахь церан‚ /Деле/ доӀа а де царна‚ баккъалла а, хьан доӀа царна синтем бу. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    9:103
  5. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ هُوَ يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَأْخُذُ الصَّدَقَاتِ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Царна ца хаьа-те Дала къобалдеш хилар Шен лешкара тōба а‚ сагӀа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла?

    9:104
  6. وَقُلِ اعْمَلُوا فَسَيَرَى اللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ وَالْمُؤْمِنُونَ ۖ وَسَتُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: /хӀай Мухьаммад/ 'Ӏамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъмин нахана а тӀаьхьа гур ю шун Ӏамал‚ тӀаьхьа ддерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна тӀе – (Далла тӀе). ТӀаккха Цо шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг'

    9:105
  7. وَآخَرُونَ مُرْجَوْنَ لِأَمْرِ اللَّهِ إِمَّا يُعَذِّبُهُمْ وَإِمَّا يَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Цхьа кхиберш Делан гӀуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Ӏазап дийр ду Цо царна‚ я церан тōба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:106
  8. وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مَسْجِدًا ضِرَارًا وَكُفْرًا وَتَفْرِيقًا بَيْنَ الْمُؤْمِنِينَ وَإِرْصَادًا لِمَنْ حَارَبَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ مِنْ قَبْلُ ۚ وَلَيَحْلِفُنَّ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا الْحُسْنَىٰ ۖ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Цхьа /кхин/ берш бу шаьш зуламна а‚ керстаналлина а‚ муъмин нахана юккъехь барт эгӀорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тӀом беш хиллачарна кечамна а маьждиг дина берш – баъанне а дуйнаш ца бууш йр бац уьш шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: 'Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш'‚ аьлла

    9:107
  9. لَا تَقُمْ فِيهِ أَبَدًا ۚ لَمَسْجِدٌ أُسِّسَ عَلَى التَّقْوَىٰ مِنْ أَوَّلِ يَوْمٍ أَحَقُّ أَنْ تَقُومَ فِيهِ ۚ فِيهِ رِجَالٌ يُحِبُّونَ أَنْ يَتَطَهَّرُوا ۚ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُطَّهِّرِينَ

    Хьо ма хӀотталахь цу /маьждига/ чохь /ламаз дан/ цкъа а. Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна /Делах/ кхерарна тӀехь хӀоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь (ламазна) хӀотта – цу чохь бу шаьш цӀанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цӀанлуш берш

    9:108
  10. أَفَمَنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَىٰ تَقْوَىٰ مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانٍ خَيْرٌ أَمْ مَنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَىٰ شَفَا جُرُفٍ هَارٍ فَانْهَارَ بِهِ فِي نَارِ جَهَنَّمَ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Шен гӀирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тӀехь хӀоттийнарг ву дика‚ я шен гӀирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хӀоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цӀерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам

    9:109
  11. لَا يَزَالُ بُنْيَانُهُمُ الَّذِي بَنَوْا رِيبَةً فِي قُلُوبِهِمْ إِلَّا أَنْ تَقَطَّعَ قُلُوبُهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Ца буьсу церан гӀирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш лилхина кийсакаш хиллалц. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:110

Гочдар: Магомед Магомедов