Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 102 – 106

  1. وَآخَرُونَ اعْتَرَفُوا بِذُنُوبِهِمْ خَلَطُوا عَمَلًا صَالِحًا وَآخَرَ سَيِّئًا عَسَى اللَّهُ أَنْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара иэйира дика Ӏамал кхечу вочуьнца‚ Дала тōба къобалдан мега церан. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а

    9:102
  2. خُذْ مِنْ أَمْوَالِهِمْ صَدَقَةً تُطَهِّرُهُمْ وَتُزَكِّيهِمْ بِهَا وَصَلِّ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّ صَلَاتَكَ سَكَنٌ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Церан бахамах сагӀа эца – цуьнца догӀмаш а‚ синош а цӀандийр ду ахь церан‚ /Деле/ доӀа а де царна‚ баккъалла а, хьан доӀа царна синтем бу. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    9:103
  3. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ هُوَ يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَأْخُذُ الصَّدَقَاتِ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Царна ца хаьа-те Дала къобалдеш хилар Шен лешкара тōба а‚ сагӀа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла?

    9:104
  4. وَقُلِ اعْمَلُوا فَسَيَرَى اللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ وَالْمُؤْمِنُونَ ۖ وَسَتُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: /хӀай Мухьаммад/ 'Ӏамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъмин нахана а тӀаьхьа гур ю шун Ӏамал‚ тӀаьхьа ддерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна тӀе – (Далла тӀе). ТӀаккха Цо шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг'

    9:105
  5. وَآخَرُونَ مُرْجَوْنَ لِأَمْرِ اللَّهِ إِمَّا يُعَذِّبُهُمْ وَإِمَّا يَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Цхьа кхиберш Делан гӀуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Ӏазап дийр ду Цо царна‚ я церан тōба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:106

Гочдар: Магомед Магомедов