Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 111 – 118
-
إِنَّ اللَّهَ اشْتَرَىٰ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ أَنْفُسَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ بِأَنَّ لَهُمُ الْجَنَّةَ ۚ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَيَقْتُلُونَ وَيُقْتَلُونَ ۖ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا فِي التَّوْرَاةِ وَالْإِنْجِيلِ وَالْقُرْآنِ ۚ وَمَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِ مِنَ اللَّهِ ۚ فَاسْتَبْشِرُوا بِبَيْعِكُمُ الَّذِي بَايَعْتُمْ بِهِ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Баккъалла а, Дала эцна муъмин нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тӀом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И Цуьнан ваӀда ю - Таврата чохь а‚ Инжила чохь а‚ Къуръан чохь а хьакъ-бакъ хилла йолу ваа. Мила ву шен ваӀда Дала ечул а дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца‚ шаьш Цуьнца кхочушйина йолчу /ваӀдица/. Иза – сийлахь-боккха толам бу-кх!
9:111 -
التَّائِبُونَ الْعَابِدُونَ الْحَامِدُونَ السَّائِحُونَ الرَّاكِعُونَ السَّاجِدُونَ الْآمِرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَالنَّاهُونَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَالْحَافِظُونَ لِحُدُودِ اللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
Тōба деш берш‚ Ӏибадат деш берш‚ /Далла/ хастам беш берш‚ /лаьттахула гзотана я лма лоьхуш/ дсалелаш берш‚ рукуӀе-сужуде оьхуш берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Ӏалашдеш берш /уьш бакхийбер бу шайна ялсамани хиларца/, – кхаъ баккха муъмин нахана
9:112 -
مَا كَانَ لِلنَّبِيِّ وَالَّذِينَ آمَنُوا أَنْ يَسْتَغْفِرُوا لِلْمُشْرِكِينَ وَلَوْ كَانُوا أُولِي قُرْبَىٰ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُمْ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
Ца хилла /оьшуш/ пайхамарна а‚ ийман диллинчарна а мушрикашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тӀаьхьа
9:113 -
وَمَا كَانَ اسْتِغْفَارُ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ إِلَّا عَنْ مَوْعِدَةٍ وَعَدَهَا إِيَّاهُ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ أَنَّهُ عَدُوٌّ لِلَّهِ تَبَرَّأَ مِنْهُ ۚ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لَأَوَّاهٌ حَلِيمٌ
ИбрахӀиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваӀдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагӀ хилар билгалдаьлча, цӀанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахӀим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а
9:114 -
وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُضِلَّ قَوْمًا بَعْدَ إِذْ هَدَاهُمْ حَتَّىٰ يُبَيِّنَ لَهُمْ مَا يَتَّقُونَ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тӀаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо а хӀума хууш верг ву
9:115 -
إِنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۚ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гӀоьнча а вац
9:116 -
لَقَدْ تَابَ اللَّهُ عَلَى النَّبِيِّ وَالْمُهَاجِرِينَ وَالْأَنْصَارِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ فِي سَاعَةِ الْعُسْرَةِ مِنْ بَعْدِ مَا كَادَ يَزِيغُ قُلُوبُ فَرِيقٍ مِنْهُمْ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّهُ بِهِمْ رَءُوفٌ رَحِيمٌ
Дала тōба къобалдира пайхамаран а‚ дӀакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна тӀаьхьахӀиттина хилла болчу‚ царах цхьана тобанан дегнаш дӀатиладеллачул тӀаьхьа‚ тӀаккха Цо тōба къобалдира церан. Баккъалла а, И царах дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву
9:117 -
وَعَلَى الثَّلَاثَةِ الَّذِينَ خُلِّفُوا حَتَّىٰ إِذَا ضَاقَتْ عَلَيْهِمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ وَضَاقَتْ عَلَيْهِمْ أَنْفُسُهُمْ وَظَنُّوا أَنْ لَا مَلْجَأَ مِنَ اللَّهِ إِلَّا إِلَيْهِ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ لِيَتُوبُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Кхааннан а /тоба къобалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха пошме хилира) шайна латта гаттадаллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тӀе а бен. ТӀаккха царна тӀевирзира Иза (церан тōба къобалдеш), цаьрга (нахе) тōба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а ву
9:118
Гочдар: Магомед Магомедов