Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 117 – 118

  1. لَقَدْ تَابَ اللَّهُ عَلَى النَّبِيِّ وَالْمُهَاجِرِينَ وَالْأَنْصَارِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ فِي سَاعَةِ الْعُسْرَةِ مِنْ بَعْدِ مَا كَادَ يَزِيغُ قُلُوبُ فَرِيقٍ مِنْهُمْ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّهُ بِهِمْ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Дала тōба къобалдира пайхамаран а‚ дӀакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна тӀаьхьахӀиттина хилла болчу‚ царах цхьана тобанан дегнаш дӀатиладеллачул тӀаьхьа‚ тӀаккха Цо тōба къобалдира церан. Баккъалла а, И царах дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву

    9:117
  2. وَعَلَى الثَّلَاثَةِ الَّذِينَ خُلِّفُوا حَتَّىٰ إِذَا ضَاقَتْ عَلَيْهِمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ وَضَاقَتْ عَلَيْهِمْ أَنْفُسُهُمْ وَظَنُّوا أَنْ لَا مَلْجَأَ مِنَ اللَّهِ إِلَّا إِلَيْهِ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ لِيَتُوبُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Кхааннан а /тоба къобалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха пошме хилира) шайна латта гаттадаллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тӀе а бен. ТӀаккха царна тӀевирзира Иза (церан тōба къобалдеш), цаьрга (нахе) тōба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:118

Гочдар: Магомед Магомедов