Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 119 – 122

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَكُونُوا مَعَ الصَّادِقِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш

    9:119
  2. مَا كَانَ لِأَهْلِ الْمَدِينَةِ وَمَنْ حَوْلَهُمْ مِنَ الْأَعْرَابِ أَنْ يَتَخَلَّفُوا عَنْ رَسُولِ اللَّهِ وَلَا يَرْغَبُوا بِأَنْفُسِهِمْ عَنْ نَفْسِهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ لَا يُصِيبُهُمْ ظَمَأٌ وَلَا نَصَبٌ وَلَا مَخْمَصَةٌ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا يَطَئُونَ مَوْطِئًا يَغِيظُ الْكُفَّارَ وَلَا يَنَالُونَ مِنْ عَدُوٍّ نَيْلًا إِلَّا كُتِبَ لَهُمْ بِهِ عَمَلٌ صَالِحٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ

    Ца дезара Мадинатан бахархошна а‚ цунна гонахьара дсакхелхаш лелачу ьрбашна а Делан элчанах бухабиса а‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а. Иза ду – царах ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагӀчуьнгара цхьанна а кхиаме, цуьнца шайна дика Ӏамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял

    9:120
  3. وَلَا يُنْفِقُونَ نَفَقَةً صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً وَلَا يَقْطَعُونَ وَادِيًا إِلَّا كُتِبَ لَهُمْ لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Жима а‚ йокха а харж йийр ма яц цара‚ цхьа а тогӀе хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца

    9:121
  4. وَمَا كَانَ الْمُؤْمِنُونَ لِيَنْفِرُوا كَافَّةً ۚ فَلَوْلَا نَفَرَ مِنْ كُلِّ فِرْقَةٍ مِنْهُمْ طَائِفَةٌ لِيَتَفَقَّهُوا فِي الدِّينِ وَلِيُنْذِرُوا قَوْمَهُمْ إِذَا رَجَعُوا إِلَيْهِمْ لَعَلَّهُمْ يَحْذَرُونَ

    Ца хилла /оьшуш/ муъмин нахана массо а /гӀазотана/ гӀатта. Царах хӀора тайпанах цхьа тоба гӀаьттича /тоьар ду/‚ /бисинчара/ динехь гӀуллакхаш къастор ду‚ нахана, уьш шайна тӀе бухабирзича, хьехам а бийр бу, – уьш /вочух/ ларбала /Ӏама/ мегара

    9:122

Гочдар: Магомед Магомедов