Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 123 – 129
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قَاتِلُوا الَّذِينَ يَلُونَكُمْ مِنَ الْكُفَّارِ وَلْيَجِدُوا فِيكُمْ غِلْظَةً ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
ХӀай ийман диллинарш! ТӀом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла
9:123 -
وَإِذَا مَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ فَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ أَيُّكُمْ زَادَتْهُ هَٰذِهِ إِيمَانًا ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا فَزَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَهُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
Царах бу сурат доьссича, олурш: 'Шух мила соввоккху хӀокхо ийманца?' Ийман диллинарш – уьш совбоху цо ийманца‚ уьш баккхийбоь
9:124 -
وَأَمَّا الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ فَزَادَتْهُمْ رِجْسًا إِلَىٰ رِجْسِهِمْ وَمَاتُوا وَهُمْ كَافِرُونَ
Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тӀе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш
9:125 -
أَوَلَا يَرَوْنَ أَنَّهُمْ يُفْتَنُونَ فِي كُلِّ عَامٍ مَرَّةً أَوْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ لَا يَتُوبُونَ وَلَا هُمْ يَذَّكَّرُونَ
Царна ца го-техьа шаьш хӀор шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТӀаккха а тōба ца до цара‚ ойла а ца йо цара
9:126 -
وَإِذَا مَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ نَظَرَ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ هَلْ يَرَاكُمْ مِنْ أَحَدٍ ثُمَّ انْصَرَفُوا ۚ صَرَفَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ
Суратах хӀума доьссича, цхьаберш вовшашка хьовсу‚ цхьанна а шу гуш дуй-те бохуш‚ тӀаккха дӀабоьлху /и цахазархьама/. Дала церан дегнаш дӀадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела
9:127 -
لَقَدْ جَاءَكُمْ رَسُولٌ مِنْ أَنْفُسِكُمْ عَزِيزٌ عَلَيْهِ مَا عَنِتُّمْ حَرِيصٌ عَلَيْكُمْ بِالْمُؤْمِنِينَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ
Шуьга веана элча‚ шух шайх а волу‚ шуна хала хилларг шена дазлуш а волу‚ шу /иймане дар, шу дуьненахь а, эхартахь а декъалхилар/ ша чг лууш а волу‚ муъмин нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волу
9:128 -
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُلْ حَسْبِيَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَهُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
Уьш дӀаберзахь‚ ахь āла: 'Кхачо ю сан Аллах цхьа Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тӀетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Ӏаршан Да'
9:129
Гочдар: Магомед Магомедов