Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 13 – 14

  1. أَلَا تُقَاتِلُونَ قَوْمًا نَكَثُوا أَيْمَانَهُمْ وَهَمُّوا بِإِخْرَاجِ الرَّسُولِ وَهُمْ بَدَءُوكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ أَتَخْشَوْنَهُمْ ۚ فَاللَّهُ أَحَقُّ أَنْ تَخْشَوْهُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Аш тм ца бо шаьш шайн дуйнаш къарбинчу къомаца‚ элча араваккха гӀайгӀа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тӀом) болийна хиллачу? Царах кхоьру шу? Дела ма вара шу Шех кхера там болуш ‚ шу муъмин нах хиллехь!

    9:13
  2. قَاتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ بِأَيْدِيكُمْ وَيُخْزِهِمْ وَيَنْصُرْكُمْ عَلَيْهِمْ وَيَشْفِ صُدُورَ قَوْمٍ مُؤْمِنِينَ

    ТӀом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Ӏазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тӀехь шуна гӀо дийр ду‚ тодийр ду муъмин нехан дегнаш

    9:14

Гочдар: Магомед Магомедов