Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 17 – 24
-
مَا كَانَ لِلْمُشْرِكِينَ أَنْ يَعْمُرُوا مَسَاجِدَ اللَّهِ شَاهِدِينَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ بِالْكُفْرِ ۚ أُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ وَفِي النَّارِ هُمْ خَالِدُونَ
Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Ӏен, керстанаш шаьш хиларна тешалла а деш. Церан Ӏамалш дӀатили‚ уьш /жоьжахатин/ цӀергахь гуттар лаьттар бу
9:17 -
إِنَّمَا يَعْمُرُ مَسَاجِدَ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَقَامَ الصَّلَاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَلَمْ يَخْشَ إِلَّا اللَّهَ ۖ فَعَسَىٰ أُولَٰئِكَ أَنْ يَكُونُوا مِنَ الْمُهْتَدِينَ
Делан маьждигашкахь Ӏийр бу Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешна берш‚ ламаз хӀоттийнарш‚ закат делларш‚ Дела воцчух ца кхоьрурш – уьш хила там бу нисбеллачарах
9:18 -
أَجَعَلْتُمْ سِقَايَةَ الْحَاجِّ وَعِمَارَةَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ كَمَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَجَاهَدَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ لَا يَسْتَوُونَ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Аш хилийти хьаьжина хи далар а‚ Деза маьждигехь Ӏар а Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешначух а‚ Делан новкъахь къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам
9:19 -
الَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ أَعْظَمُ دَرَجَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ
Ийман диллинарш‚ дӀакхелхинарш (пайхамарца Маккара Мадинате ислам Ӏалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн бахамца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш
9:20 -
يُبَشِّرُهُمْ رَبُّهُمْ بِرَحْمَةٍ مِنْهُ وَرِضْوَانٍ وَجَنَّاتٍ لَهُمْ فِيهَا نَعِيمٌ مُقِيمٌ
Царна шайн Кхиош-кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ (ялсаманин) бошмаш хиларца а‚ шайна цунна (ялсамани) чохь сацаделла лаьтташ долу ниӀмат долуш
9:21 -
خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла)
9:22 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا آبَاءَكُمْ وَإِخْوَانَكُمْ أَوْلِيَاءَ إِنِ اسْتَحَبُّوا الْكُفْرَ عَلَى الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Ма лийцалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагӀий, (ма бе царах доладийраш) царна ийманал керстаналла дукхадезахь. Шух царах доттагӀий бинарш – уьш бу зуламхой
9:23 -
قُلْ إِنْ كَانَ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ وَإِخْوَانُكُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ وَعَشِيرَتُكُمْ وَأَمْوَالٌ اقْتَرَفْتُمُوهَا وَتِجَارَةٌ تَخْشَوْنَ كَسَادَهَا وَمَسَاكِنُ تَرْضَوْنَهَا أَحَبَّ إِلَيْكُمْ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ وَجِهَادٍ فِي سَبِيلِهِ فَتَرَبَّصُوا حَتَّىٰ يَأْتِيَ اللَّهُ بِأَمْرِهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
Ахь āла: /хӀай Мухьаммад/ 'Нагахь санна шун дай‚ шун кӀентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун гергарнаш‚ даьхни‚ аш гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу кхоьруш йолу‚ цӀенош, шайна шу реза долу‚ шуна /дукха/ дезахь Делал а‚ Цуьнан элчанал а‚ Делан новкъахь тм барал а, – хьовсуш Ӏе Дела валц Шен гӀуллакхца (цуьнан Ӏазап‚ оьгӀазло йогӀур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам
9:24
Гочдар: Магомед Магомедов