Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 25 – 27

  1. لَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ فِي مَوَاطِنَ كَثِيرَةٍ ۙ وَيَوْمَ حُنَيْنٍ ۙ إِذْ أَعْجَبَتْكُمْ كَثْرَتُكُمْ فَلَمْ تُغْنِ عَنْكُمْ شَيْئًا وَضَاقَتْ عَلَيْكُمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ ثُمَّ وَلَّيْتُمْ مُدْبِرِينَ

    Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн дийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма кIелхьар ца даьккхира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу юхадевлира

    9:25
  2. ثُمَّ أَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَنْزَلَ جُنُودًا لَمْ تَرَوْهَا وَعَذَّبَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ

    ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъмин нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу

    9:26
  3. ثُمَّ يَتُوبُ اللَّهُ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Юха а тōба къобалдийр ду Дала цул тIаьхьа а Шена луучунна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:27

Гочдар: Магомед Магомедов