Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 30 – 32

  1. وَقَالَتِ الْيَهُودُ عُزَيْرٌ ابْنُ اللَّهِ وَقَالَتِ النَّصَارَى الْمَسِيحُ ابْنُ اللَّهِ ۖ ذَٰلِكَ قَوْلُهُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ ۖ يُضَاهِئُونَ قَوْلَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَبْلُ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۚ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Жуьгташа элира: 'Ӏузайр – Делан кӀант ву'‚ насараша элира: 'Масūхь – Делан кӀант ву'. Иза – церан дош ду, шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха /Делан дин/ керстадиначеран дашах. Дала хӀаллакбойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!

    9:30
  2. اتَّخَذُوا أَحْبَارَهُمْ وَرُهْبَانَهُمْ أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَالْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ سُبْحَانَهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Шайн ахьбараш а‚ руханаш а деланаш лецира цара (царах деланаш бира цара), АллахДела а витина. Марьяман кӀант Масūхь а (дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Ӏибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цӀена ву Иза цара Шеца накъост лацарах

    9:31
  3. يُرِيدُونَ أَنْ يُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَيَأْبَى اللَّهُ إِلَّا أَنْ يُتِمَّ نُورَهُ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ

    Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а

    9:32

Гочдар: Магомед Магомедов