Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 30 – 37

  1. وَقَالَتِ الْيَهُودُ عُزَيْرٌ ابْنُ اللَّهِ وَقَالَتِ النَّصَارَى الْمَسِيحُ ابْنُ اللَّهِ ۖ ذَٰلِكَ قَوْلُهُمْ بِأَفْوَاهِهِمْ ۖ يُضَاهِئُونَ قَوْلَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَبْلُ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۚ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Жуьгташа элира: 'Ӏузайр – Делан кӀант ву'‚ насараша элира: 'Масūхь – Делан кӀант ву'. Иза – церан дош ду, шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха /Делан дин/ керстадиначеран дашах. Дала хӀаллакбойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!

    9:30
  2. اتَّخَذُوا أَحْبَارَهُمْ وَرُهْبَانَهُمْ أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَالْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ سُبْحَانَهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Шайн ахьбараш а‚ руханаш а деланаш лецира цара (царах деланаш бира цара), АллахДела а витина. Марьяман кӀант Масūхь а (дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Ӏибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цӀена ву Иза цара Шеца накъост лацарах

    9:31
  3. يُرِيدُونَ أَنْ يُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَيَأْبَى اللَّهُ إِلَّا أَنْ يُتِمَّ نُورَهُ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ

    Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а

    9:32
  4. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ

    И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тӀехь толийтархьама, /мел и/ мушрикашна ца дезахь а

    9:33
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ كَثِيرًا مِنَ الْأَحْبَارِ وَالرُّهْبَانِ لَيَأْكُلُونَ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۗ وَالَّذِينَ يَكْنِزُونَ الذَّهَبَ وَالْفِضَّةَ وَلَا يُنْفِقُونَهَا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَبَشِّرْهُمْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

    ХӀай ийман диллинарш! Баккъалла а, ахьбарех а‚ руханех а дукхаберш харцонца нехан даьхни дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тӀаьхьахӀуьтту нах) дӀатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахь кхаъ баккхалахь шайна лазош долу Ӏазап хирг хиларца

    9:34
  6. يَوْمَ يُحْمَىٰ عَلَيْهَا فِي نَارِ جَهَنَّمَ فَتُكْوَىٰ بِهَا جِبَاهُهُمْ وَجُنُوبُهُمْ وَظُهُورُهُمْ ۖ هَٰذَا مَا كَنَزْتُمْ لِأَنْفُسِكُمْ فَذُوقُوا مَا كُنْتُمْ تَكْنِزُونَ

    Цхьана дийнахь (къематдийнахь) жоьжахатин цӀергахь лалор ду и (цара дуьненахь гулдина хилла долу деши а, дети а)‚ тккха цуьнца хст дийр ду церан хьаьжашна а‚ церан агӀонашна а‚ церан баккъашна а: 'ХӀара ду аш шайна гулдинарг‚ Ӏовша шаьш гулдеш хилларг'‚ (олуш маликаша)

    9:35
  7. إِنَّ عِدَّةَ الشُّهُورِ عِنْدَ اللَّهِ اثْنَا عَشَرَ شَهْرًا فِي كِتَابِ اللَّهِ يَوْمَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ مِنْهَا أَرْبَعَةٌ حُرُمٌ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ ۚ فَلَا تَظْلِمُوا فِيهِنَّ أَنْفُسَكُمْ ۚ وَقَاتِلُوا الْمُشْرِكِينَ كَافَّةً كَمَا يُقَاتِلُونَكُمْ كَافَّةً ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ

    Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу /шарна чохь/ Делан Жайни чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царах биъ беза бу (зуль-къаӀада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду бакъ долу дин. Цу чохь шайна зулам ма де. ТӀом бе массо мушрикашца цара шуьца массаьрца а тӀом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла

    9:36
  8. إِنَّمَا النَّسِيءُ زِيَادَةٌ فِي الْكُفْرِ ۖ يُضَلُّ بِهِ الَّذِينَ كَفَرُوا يُحِلُّونَهُ عَامًا وَيُحَرِّمُونَهُ عَامًا لِيُوَاطِئُوا عِدَّةَ مَا حَرَّمَ اللَّهُ فَيُحِلُّوا مَا حَرَّمَ اللَّهُ ۚ زُيِّنَ لَهُمْ سُوءُ أَعْمَالِهِمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ

    (Цхьа беза бутт кхечу баттал ) тӀаьхьататтар керстаналлехь совдийлар ду‚ шеца цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тӀом бан магош)‚ вукху шарахь хьарам беш, Дала даздинчийн (беттанийн) дукхаллица и цхьаьнабогӀуш хилийтархьама – хьанал до цара Дала хьарам динарш. Хазйина царна шайн вон малш. Дала ца нисдо керста къам

    9:37

Гочдар: Магомед Магомедов