Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 38 – 42

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا مَا لَكُمْ إِذَا قِيلَ لَكُمُ انْفِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الْأَرْضِ ۚ أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا مِنَ الْآخِرَةِ ۚ فَمَا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فِي الْآخِرَةِ إِلَّا قَلِيلٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шуна хӀун хилла, шайга Делан новкъахь (гӀазотана) арадовла аьлча, /лаьттахь/ дазлой ма Ӏа шу (гӀазоте ца доьлхуш)? Эхартал дуьненан дахарна реза хилла-те шу? Ма кӀеззиг хӀума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича!

    9:38
  2. إِلَّا تَنْفِرُوا يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلَا تَضُرُّوهُ شَيْئًا ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Шу гӀазотана ара ца довлахь – Цо шуна лазош долу Ӏазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу кхечу къомаца‚ аш Цунна зен дийр дац цхьанна хӀуманца а. Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш ву

    9:39
  3. إِلَّا تَنْصُرُوهُ فَقَدْ نَصَرَهُ اللَّهُ إِذْ أَخْرَجَهُ الَّذِينَ كَفَرُوا ثَانِيَ اثْنَيْنِ إِذْ هُمَا فِي الْغَارِ إِذْ يَقُولُ لِصَاحِبِهِ لَا تَحْزَنْ إِنَّ اللَّهَ مَعَنَا ۖ فَأَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَيْهِ وَأَيَّدَهُ بِجُنُودٍ لَمْ تَرَوْهَا وَجَعَلَ كَلِمَةَ الَّذِينَ كَفَرُوا السُّفْلَىٰ ۗ وَكَلِمَةُ اللَّهِ هِيَ الْعُلْيَا ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Аш цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гӀазоте хӀуттуш) гӀо ца дахь – Дала гӀо дира цунна керстанаша иза /Маккара/ араваьккхинчу хенахь‚ цу шиннах цхьаъ и волуш. Уьш шиъ хьехахь волуш‚ цо (пайхамара) элира шен накъосте (Абу-Бакре): 'Хьо гӀайгӀане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна'. Дала син-паргӀато йоссийра цунна тӀе‚ Цо чӀагӀвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош – и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:40
  4. انْفِرُوا خِفَافًا وَثِقَالًا وَجَاهِدُوا بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Арадовла шаьш дайн дерш а‚ деза дерш а‚ къахьега (гӀазот де) шайн даьхница а‚ шайн синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь

    9:41
  5. لَوْ كَانَ عَرَضًا قَرِيبًا وَسَفَرًا قَاصِدًا لَاتَّبَعُوكَ وَلَٰكِنْ بَعُدَتْ عَلَيْهِمُ الشُّقَّةُ ۚ وَسَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَوِ اسْتَطَعْنَا لَخَرَجْنَا مَعَكُمْ يُهْلِكُونَ أَنْفُسَهُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Ӏалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь – хьуна тӀаьхьахӀуьтту уьш‚ хӀетте а (некъ) гена хиларца хилла царна /хало/. Делаца дуйнаш буур бу цара: 'Шайн ницкъ кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш' (гӀазотана)‚ бохуш. Шаьш- шайн хӀаллакдо цара. Далла хаьа уьш харцлуьйш буйла

    9:42

Гочдар: Магомед Магомедов