Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 43 – 59
-
عَفَا اللَّهُ عَنْكَ لِمَ أَذِنْتَ لَهُمْ حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكَ الَّذِينَ صَدَقُوا وَتَعْلَمَ الْكَاذِبِينَ
Дела къинтӀеравер хьуна! Ахь хӀунда пурба делла царна хьайна бакълуьйш берш билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц?
9:43 -
لَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أَنْ يُجَاهِدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ
Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешаш болчара шайн даьхница а‚ шайн синошца а гӀазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш
9:44 -
إِنَّمَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَارْتَابَتْ قُلُوبُهُمْ فَهُمْ فِي رَيْبِهِمْ يَتَرَدَّدُونَ
Хьоьга пурба доьху Делах а, тьххьарчу дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ – уьш шайн шекона чохь ойланаш керчош бу
9:45 -
وَلَوْ أَرَادُوا الْخُرُوجَ لَأَعَدُّوا لَهُ عُدَّةً وَلَٰكِنْ كَرِهَ اللَّهُ انْبِعَاثَهُمْ فَثَبَّطَهُمْ وَقِيلَ اقْعُدُوا مَعَ الْقَاعِدِينَ
Шаьш /гӀазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечам бина хир бара цара‚ делахь а, Далла ца деза церан гучубовлар /гӀазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гӀазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: 'Охьаховжший Ӏиэ охьахевшина Ӏачаьрца' (зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а)
9:46 -
لَوْ خَرَجُوا فِيكُمْ مَا زَادُوكُمْ إِلَّا خَبَالًا وَلَأَوْضَعُوا خِلَالَكُمْ يَبْغُونَكُمُ الْفِتْنَةَ وَفِيكُمْ سَمَّاعُونَ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара низам дохорца а бен‚ шун юкъаметтиг эгӀор ма яра цара, шуна питана лоьхуш. Шуна юккъехь ма бу цаьрга ладоьгӀуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш
9:47 -
لَقَدِ ابْتَغَوُا الْفِتْنَةَ مِنْ قَبْلُ وَقَلَّبُوا لَكَ الْأُمُورَ حَتَّىٰ جَاءَ الْحَقُّ وَظَهَرَ أَمْرُ اللَّهِ وَهُمْ كَارِهُونَ
Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц. Делан гӀуллакх гучуделира, уьш (и) ца дезарш а болуш
9:48 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ ائْذَنْ لِي وَلَا تَفْتِنِّي ۚ أَلَا فِي الْفِتْنَةِ سَقَطُوا ۗ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ
Царах ву ша олуш верг: 'Пурба лохьа суна /гӀазотана ара ца вāла/‚ питана ма де суна'. Ткъа питанна чуэгна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна
9:49 -
إِنْ تُصِبْكَ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ ۖ وَإِنْ تُصِبْكَ مُصِيبَةٌ يَقُولُوا قَدْ أَخَذْنَا أَمْرَنَا مِنْ قَبْلُ وَيَتَوَلَّوْا وَهُمْ فَرِحُونَ
Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: 'Оха хьалха тийцира тхешан гӀуллакх' (гӀазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили). Уьш дӀабирзира, шаьш баккхийбеш
9:50 -
قُلْ لَنْ يُصِيبَنَا إِلَّا مَا كَتَبَ اللَّهُ لَنَا هُوَ مَوْلَانَا ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Ахь āла: 'Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан гӀоьнча'‚ Далла тӀетевжийла муъмин нах
9:51 -
قُلْ هَلْ تَرَبَّصُونَ بِنَا إِلَّا إِحْدَى الْحُسْنَيَيْنِ ۖ وَنَحْنُ نَتَرَبَّصُ بِكُمْ أَنْ يُصِيبَكُمُ اللَّهُ بِعَذَابٍ مِنْ عِنْدِهِ أَوْ بِأَيْدِينَا ۖ فَتَرَبَّصُوا إِنَّا مَعَكُمْ مُتَرَبِّصُونَ
Ахь āла: 'Шина диканах цхьаннан а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан куьйгашца Ӏазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Ӏе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Ӏийр ду'
9:52 -
قُلْ أَنْفِقُوا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا لَنْ يُتَقَبَّلَ مِنْكُمْ ۖ إِنَّكُمْ كُنْتُمْ قَوْمًا فَاسِقِينَ
Āла: 'СагӀа ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и. Баккъалла а, шу хили-кх фасикъ къам'
9:53 -
وَمَا مَنَعَهُمْ أَنْ تُقْبَلَ مِنْهُمْ نَفَقَاتُهُمْ إِلَّا أَنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَبِرَسُولِهِ وَلَا يَأْتُونَ الصَّلَاةَ إِلَّا وَهُمْ كُسَالَىٰ وَلَا يُنْفِقُونَ إِلَّا وَهُمْ كَارِهُونَ
Цаьргара сагӀа къобалдар духатоьхна уьш Делах а‚ элчанах а ца тешаш хиларо‚ шаьш мало еш бен цара ламаз цадаро‚ ца лууш, халла бен цара сагӀа а цадаккхаро
9:54 -
فَلَا تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ بِهَا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنْفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ
Ахь тамаша ма бойла церан даьхнех а‚ церан доьзалех а. Далла лууш ду цаьрца царна Ӏазап дан дуьненан дахарехь‚ синош арадевр ду церан уьш керста хьолехь а болуш
9:55 -
وَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنَّهُمْ لَمِنْكُمْ وَمَا هُمْ مِنْكُمْ وَلَٰكِنَّهُمْ قَوْمٌ يَفْرَقُونَ
Цара Делаца дуйнаш буу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хӀетте а къаьсташ къам ду уьш
9:56 -
لَوْ يَجِدُونَ مَلْجَأً أَوْ مَغَارَاتٍ أَوْ مُدَّخَلًا لَوَلَّوْا إِلَيْهِ وَهُمْ يَجْمَحُونَ
Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг караяхь – цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/
9:57 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَلْمِزُكَ فِي الصَّدَقَاتِ فَإِنْ أُعْطُوا مِنْهَا رَضُوا وَإِنْ لَمْ يُعْطَوْا مِنْهَا إِذَا هُمْ يَسْخَطُونَ
Царах бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагӀадаккхарехь‚ цунах шайна делча, реза хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь – уьш оьгӀазъоьху
9:58 -
وَلَوْ أَنَّهُمْ رَضُوا مَا آتَاهُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَقَالُوا حَسْبُنَا اللَّهُ سَيُؤْتِينَا اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ وَرَسُولُهُ إِنَّا إِلَى اللَّهِ رَاغِبُونَ
Уьш реза хиллехьара Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара: 'Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тӀаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах. Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх' /дика хир дара-кх царна/
9:59
Гочдар: Магомед Магомедов