Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 44 – 50

  1. لَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أَنْ يُجَاهِدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ

    Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешаш болчара шайн даьхница а‚ шайн синошца а гӀазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш

    9:44
  2. إِنَّمَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَارْتَابَتْ قُلُوبُهُمْ فَهُمْ فِي رَيْبِهِمْ يَتَرَدَّدُونَ

    Хьоьга пурба доьху Делах а, тьххьарчу дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ – уьш шайн шекона чохь ойланаш керчош бу

    9:45
  3. وَلَوْ أَرَادُوا الْخُرُوجَ لَأَعَدُّوا لَهُ عُدَّةً وَلَٰكِنْ كَرِهَ اللَّهُ انْبِعَاثَهُمْ فَثَبَّطَهُمْ وَقِيلَ اقْعُدُوا مَعَ الْقَاعِدِينَ

    Шаьш /гӀазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечам бина хир бара цара‚ делахь а, Далла ца деза церан гучубовлар /гӀазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гӀазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: 'Охьаховжший Ӏиэ охьахевшина Ӏачаьрца' (зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а)

    9:46
  4. لَوْ خَرَجُوا فِيكُمْ مَا زَادُوكُمْ إِلَّا خَبَالًا وَلَأَوْضَعُوا خِلَالَكُمْ يَبْغُونَكُمُ الْفِتْنَةَ وَفِيكُمْ سَمَّاعُونَ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ

    Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара низам дохорца а бен‚ шун юкъаметтиг эгӀор ма яра цара, шуна питана лоьхуш. Шуна юккъехь ма бу цаьрга ладоьгӀуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш

    9:47
  5. لَقَدِ ابْتَغَوُا الْفِتْنَةَ مِنْ قَبْلُ وَقَلَّبُوا لَكَ الْأُمُورَ حَتَّىٰ جَاءَ الْحَقُّ وَظَهَرَ أَمْرُ اللَّهِ وَهُمْ كَارِهُونَ

    Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц. Делан гӀуллакх гучуделира, уьш (и) ца дезарш а болуш

    9:48
  6. وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ ائْذَنْ لِي وَلَا تَفْتِنِّي ۚ أَلَا فِي الْفِتْنَةِ سَقَطُوا ۗ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ

    Царах ву ша олуш верг: 'Пурба лохьа суна /гӀазотана ара ца вāла/‚ питана ма де суна'. Ткъа питанна чуэгна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна

    9:49
  7. إِنْ تُصِبْكَ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ ۖ وَإِنْ تُصِبْكَ مُصِيبَةٌ يَقُولُوا قَدْ أَخَذْنَا أَمْرَنَا مِنْ قَبْلُ وَيَتَوَلَّوْا وَهُمْ فَرِحُونَ

    Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: 'Оха хьалха тийцира тхешан гӀуллакх' (гӀазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили). Уьш дӀабирзира, шаьш баккхийбеш

    9:50

Гочдар: Магомед Магомедов