Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 60 – 66

  1. إِنَّمَا الصَّدَقَاتُ لِلْفُقَرَاءِ وَالْمَسَاكِينِ وَالْعَامِلِينَ عَلَيْهَا وَالْمُؤَلَّفَةِ قُلُوبُهُمْ وَفِي الرِّقَابِ وَالْغَارِمِينَ وَفِي سَبِيلِ اللَّهِ وَابْنِ السَّبِيلِ ۖ فَرِيضَةً مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    СагӀанаш ло Дала тдахкарца пекъаршна а‚ мискачарна а‚ царна тӀехь болх бечарна а‚ дегнаш кӀаддархьама а‚ леш азатбахарехь а‚ декхаршна кӀелбисинчарна а‚ Делан новкъахь а‚ некъан накъостана а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукма деш а ву

    9:60
  2. وَمِنْهُمُ الَّذِينَ يُؤْذُونَ النَّبِيَّ وَيَقُولُونَ هُوَ أُذُنٌ ۚ قُلْ أُذُنُ خَيْرٍ لَكُمْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَيُؤْمِنُ لِلْمُؤْمِنِينَ وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ ۚ وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ رَسُولَ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Царах бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ шаьш олуш: 'Иза (пайхамар) – лергаш ду' (массо а хӀума хезаш ду-кх цунна). Ахь āла: 'Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву и (Мухьаммад пайхамар) Делах а‚ тешаш ву и муъмин нахах а‚ шух ийман диллинчарна къинхетам а бу и'. Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш – царна ду лазош долу Ӏазап

    9:61
  3. يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَكُمْ لِيُرْضُوكُمْ وَاللَّهُ وَرَسُولُهُ أَحَقُّ أَنْ يُرْضُوهُ إِنْ كَانُوا مُؤْمِنِينَ

    Шуна Делаца дуйнаш буу цара шу резадархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бара-кх цара резабан, шаьш муъмин нах хиллехь

    9:62
  4. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّهُ مَنْ يُحَادِدِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَأَنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدًا فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ الْخِزْيُ الْعَظِيمُ

    Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йинчунна жоьжахатин цӀе хир юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма еза- йоккха сийсазалла ю-кх и!

    9:63
  5. يَحْذَرُ الْمُنَافِقُونَ أَنْ تُنَزَّلَ عَلَيْهِمْ سُورَةٌ تُنَبِّئُهُمْ بِمَا فِي قُلُوبِهِمْ ۚ قُلِ اسْتَهْزِئُوا إِنَّ اللَّهَ مُخْرِجٌ مَا تَحْذَرُونَ

    Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга (бусалба нахе) шайн дегнашкахь дерг дуьйцуш сурат доссарах. Ахь āла: 'Ма дāша шу' (ма лара аш дин а‚ Дела а‚ бусалбанаш а). Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу кхоьруш (ларлуш) дерг

    9:64
  6. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ لَيَقُولُنَّ إِنَّمَا كُنَّا نَخُوضُ وَنَلْعَبُ ۚ قُلْ أَبِاللَّهِ وَآيَاتِهِ وَرَسُولِهِ كُنْتُمْ تَسْتَهْزِئُونَ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ цара эр ма ду хьуна: 'Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий'. Ахь āла: 'Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а кхаьрдаш хилла шу?'

    9:65
  7. لَا تَعْتَذِرُوا قَدْ كَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ ۚ إِنْ نَعْفُ عَنْ طَائِفَةٍ مِنْكُمْ نُعَذِّبْ طَائِفَةً بِأَنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ

    Бехказлонаш ма е аш. Керстаналла деана аш шайн ийманал тӀаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтӀера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Ӏазап дийр ду уьш хиларна къинош деш

    9:66

Гочдар: Магомед Магомедов