Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 67 – 72

  1. الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ بَعْضُهُمْ مِنْ بَعْضٍ ۚ يَأْمُرُونَ بِالْمُنْكَرِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمَعْرُوفِ وَيَقْبِضُونَ أَيْدِيَهُمْ ۚ نَسُوا اللَّهَ فَنَسِيَهُمْ ۗ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дӀакъовлу цара (сагӀа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш уьш бу-кх фасикъаш

    9:67
  2. وَعَدَ اللَّهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْكُفَّارَ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ هِيَ حَسْبُهُمْ ۚ وَلَعَنَهُمُ اللَّهُ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُقِيمٌ

    Дала ваӀда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цӀарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар а болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неӀалт аьлла царна‚ царна дхӀоьттина долу Ӏазап ду

    9:68
  3. كَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ كَانُوا أَشَدَّ مِنْكُمْ قُوَّةً وَأَكْثَرَ أَمْوَالًا وَأَوْلَادًا فَاسْتَمْتَعُوا بِخَلَاقِهِمْ فَاسْتَمْتَعْتُمْ بِخَلَاقِكُمْ كَمَا اسْتَمْتَعَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ بِخَلَاقِهِمْ وَخُضْتُمْ كَالَّذِي خَاضُوا ۚ أُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Шул хьалха хиллачарех тера /ду иза, хӀай мунапикъаш/. Шул чӀогӀа бара уьш ницкъанца‚ алсам бара даьхница а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегарх терра шайн декъах‚ /харцонна а, тиларна а/ чу дахара шу, /шул хьалха/ уьш цу чу бахарх терра. Уьш бу-кх шайн Ӏамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшнарш

    9:69
  4. أَلَمْ يَأْتِهِمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَقَوْمِ إِبْرَاهِيمَ وَأَصْحَابِ مَدْيَنَ وَالْمُؤْتَفِكَاتِ ۚ أَتَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ فَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Цаьрга ца деана-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Ӏадин‚ Самудан къаьмнийн хабар‚ ИбрахӀиман къоман‚ Мадъянан дайн‚ Муътафикатийн хабар? Цаьрга шайн элчанаш ма баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хӀетте а, шаьш хилла уьш шайна зулам деш

    9:70
  5. وَالْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ يَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَيُطِيعُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ سَيَرْحَمُهُمُ اللَّهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Муъмин божарий‚ муъмин зударий – цхьаберш вовшийн доттагӀий (верасаш) бу‚ дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хӀоттадеш‚ закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь а болуш. Царах тӀаккха къинхетам бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а

    9:71
  6. وَعَدَ اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ۚ وَرِضْوَانٌ مِنَ اللَّهِ أَكْبَرُ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Дала ваӀда йина муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а /ялсаманин/ бошмаш, шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Ӏадн (ялсаманин) бошмашкахь цӀена гӀишлош а. Делера резахилар вуно доккха ду – иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

    9:72

Гочдар: Магомед Магомедов