Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 73 – 80

  1. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ ۚ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ХӀай пайхамар! Къийсам латтабе керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кӀоршаме хила цаьрца. Церан чохьӀойла жоьжахати ю, – вон дӀадерзар ду-кх иза

    9:73
  2. يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ مَا قَالُوا وَلَقَدْ قَالُوا كَلِمَةَ الْكُفْرِ وَكَفَرُوا بَعْدَ إِسْلَامِهِمْ وَهَمُّوا بِمَا لَمْ يَنَالُوا ۚ وَمَا نَقَمُوا إِلَّا أَنْ أَغْنَاهُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ مِنْ فَضْلِهِ ۚ فَإِنْ يَتُوبُوا يَكُ خَيْرًا لَهُمْ ۖ وَإِنْ يَتَوَلَّوْا يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ عَذَابًا أَلِيمًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَمَا لَهُمْ فِي الْأَرْضِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Цара (мунепикъаша) дуйнаш буу Делах‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш. Аьлла цара керстаналлин дош‚ царах керстанаш хилла шаьш бусалбанаш хиллачул тӀаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш. Бекхам ца бира цара беккъа Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен (Делан) комаьршаллах хьал даларна а бен. Цара тōба динехьара, дика хир дара царна. Уьш дӀаберзахь– лазош долчу Ӏазапца Ӏазап дийр ду Дала царна дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гӀоьнча а!

    9:74
  3. وَمِنْهُمْ مَنْ عَاهَدَ اللَّهَ لَئِنْ آتَانَا مِنْ فَضْلِهِ لَنَصَّدَّقَنَّ وَلَنَكُونَنَّ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Царах бу шаьш Делаца ваӀда йинарш: 'Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниӀмат/ лахь‚ /шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагӀа, хиллане а хир ду шаьш дикачарах'‚ аьлла

    9:75
  4. فَلَمَّا آتَاهُمْ مِنْ فَضْلِهِ بَخِلُوا بِهِ وَتَوَلَّوْا وَهُمْ مُعْرِضُونَ

    Цо Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца бьрмациг хилира‚ дӀабирзира, шаьш дуьхьал а хуьлуш

    9:76
  5. فَأَعْقَبَهُمْ نِفَاقًا فِي قُلُوبِهِمْ إِلَىٰ يَوْمِ يَلْقَوْنَهُ بِمَا أَخْلَفُوا اللَّهَ مَا وَعَدُوهُ وَبِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ

    Церан дегнашка Цо доссийра мунепикъалла, уьш Цунна дуьхьалкхетар болчу /къемат/де тӀекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваӀда йохийна хиларна а‚ уьш шаьш харцлуьйш хиларна а

    9:77
  6. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُمْ وَأَنَّ اللَّهَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар шайн къайле а‚ шайн къайлаха хабарш а‚ и Дела Ша хьуламехь долу хӀуманаш дика хууш верг хилар а?

    9:78
  7. الَّذِينَ يَلْمِزُونَ الْمُطَّوِّعِينَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ فِي الصَّدَقَاتِ وَالَّذِينَ لَا يَجِدُونَ إِلَّا جُهْدَهُمْ فَيَسْخَرُونَ مِنْهُمْ ۙ سَخِرَ اللَّهُ مِنْهُمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Муъмин нахах сагӀанашкахь муьтӀахь болчарах а‚ шайна /сагна дала/ халла бен хма цакарийначарах а луьйш берш‚ тӀаккха царах кхаьрдашберш, – Дала сийсазабийр бу уьш‚ царна ду лазош долу Ӏазап

    9:79
  8. اسْتَغْفِرْ لَهُمْ أَوْ لَا تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ إِنْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ سَبْعِينَ مَرَّةً فَلَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    Ахь гечдар деха царна я гечдар ма деха царна. Ахь царна кхузткъе уьттазза гечдар дехча а – Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан элчанна а керстаналла дарна. Дала нис ца до фасикъ къам

    9:80

Гочдар: Магомед Магомедов