Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 81 – 89

  1. فَرِحَ الْمُخَلَّفُونَ بِمَقْعَدِهِمْ خِلَافَ رَسُولِ اللَّهِ وَكَرِهُوا أَنْ يُجَاهِدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَقَالُوا لَا تَنْفِرُوا فِي الْحَرِّ ۗ قُلْ نَارُ جَهَنَّمَ أَشَدُّ حَرًّا ۚ لَوْ كَانُوا يَفْقَهُونَ

    Баккхийбера шаьш бухабитинарш Делан элчанна тӀехьахь хевшина бисарна (гӀазоте ца боьлхуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн даьхница а‚ шайн синошца а къахьега (гӀазот дан)‚ цара элира: 'Ма довла /гӀазотана ара/ хкху йовхонехь'. Ахь āла: 'Жоьжахатин цӀе йовха хиларца кхин а нуьцкъала ю'‚ уьш кхеташ хиллехь

    9:81
  2. فَلْيَضْحَكُوا قَلِيلًا وَلْيَبْكُوا كَثِيرًا جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Боьлийла уьш кӀеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха а шайна карадеш хиллачун /вочун/ бекхамна

    9:82
  3. فَإِنْ رَجَعَكَ اللَّهُ إِلَىٰ طَائِفَةٍ مِنْهُمْ فَاسْتَأْذَنُوكَ لِلْخُرُوجِ فَقُلْ لَنْ تَخْرُجُوا مَعِيَ أَبَدًا وَلَنْ تُقَاتِلُوا مَعِيَ عَدُوًّا ۖ إِنَّكُمْ رَضِيتُمْ بِالْقُعُودِ أَوَّلَ مَرَّةٍ فَاقْعُدُوا مَعَ الْخَالِفِينَ

    Дала хьо юхаверзийча царах цхьана тобанна тӀе, хьоьга пурба доьху цара ара довла / кхечу гӀазотана/. ТӀаккха ахь āла: ' Цкъа а соьца арадевр дац шу‚ соьца цхьаммо а мостагӀца тӀом бийр бац аш. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Ӏен – ховший Ӏиэ хӀинца а бухабисинчаьрца'

    9:83
  4. وَلَا تُصَلِّ عَلَىٰ أَحَدٍ مِنْهُمْ مَاتَ أَبَدًا وَلَا تَقُمْ عَلَىٰ قَبْرِهِ ۖ إِنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَمَاتُوا وَهُمْ فَاسِقُونَ

    Царах цхьаъ велча, цкъа а /докъа/ламаз ма де /цунна тхь/‚ цуьнан коша тӀе ма хӀотта. Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла шаьш фасикъ хьолехь а болуш

    9:84
  5. وَلَا تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَأَوْلَادُهُمْ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُعَذِّبَهُمْ بِهَا فِي الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنْفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ

    Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца царна Ӏазап дан дуьненахь а‚ церан садала (бала), уьш керстанаш а болуш

    9:85
  6. وَإِذَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ أَنْ آمِنُوا بِاللَّهِ وَجَاهِدُوا مَعَ رَسُولِهِ اسْتَأْذَنَكَ أُولُو الطَّوْلِ مِنْهُمْ وَقَالُوا ذَرْنَا نَكُنْ مَعَ الْقَاعِدِينَ

    Сурат доьссича, Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гӀазот а де‚ аьлла‚ царах хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ цара элира: 'Дитахь тхо‚ хевшина ьчаьрца хир дара тхо'

    9:86
  7. رَضُوا بِأَنْ يَكُونُوا مَعَ الْخَوَالِفِ وَطُبِعَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ

    Реза хилла уьш бухабисинчаьрца хила‚ церан дегнашна мухӀар тоьхна, – уьш ца кхета

    9:87
  8. لَٰكِنِ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ جَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۚ وَأُولَٰئِكَ لَهُمُ الْخَيْرَاتُ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    ХӀетте а, элчано а‚ цуьнца ийман диллинчара а гӀазот дира шайн бахамца а‚ шайн синошца а‚ уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбийр берш

    9:88
  9. أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И бу-кх сийлахь-боккха толам

    9:89

Гочдар: Магомед Магомедов