Сурат 9 Ат-тавбат (Тоба дар), аят 90 – 99

  1. وَجَاءَ الْمُعَذِّرُونَ مِنَ الْأَعْرَابِ لِيُؤْذَنَ لَهُمْ وَقَعَدَ الَّذِينَ كَذَبُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ سَيُصِيبُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Дсакхелхаш лелачу Ӏаьрбех бехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама. Бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тӀаьхьа кхочур ду царах керстаналла диначаьрга лазош долу Ӏазап

    9:90
  2. لَيْسَ عَلَى الضُّعَفَاءِ وَلَا عَلَى الْمَرْضَىٰ وَلَا عَلَى الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ مَا يُنْفِقُونَ حَرَجٌ إِذَا نَصَحُوا لِلَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ مَا عَلَى الْمُحْسِنِينَ مِنْ سَبِيلٍ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ЗаьӀапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гӀазоте ца бахча а/, уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цӀена хилча. Диканиг деш болчарна некъ бац /бехк билла/. Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:91
  3. وَلَا عَلَى الَّذِينَ إِذَا مَا أَتَوْكَ لِتَحْمِلَهُمْ قُلْتَ لَا أَجِدُ مَا أَحْمِلُكُمْ عَلَيْهِ تَوَلَّوْا وَأَعْيُنُهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ حَزَنًا أَلَّا يَجِدُوا مَا يُنْفِقُونَ

    Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахь шаьш кечдахьара, бохуш‚ ахь аьлча: 'Шу шеца кечдан хӀума ца карадо суна'‚ дӀабирзина болчу, шайн бӀаьргаш хих а буьзна, вон хеташ шайна харжъян хӀума ца карорна (шайна гӀазоте баха таро ца хиларна/

    9:92
  4. إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ وَهُمْ أَغْنِيَاءُ ۚ رَضُوا بِأَنْ يَكُونُوا مَعَ الْخَوَالِفِ وَطَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна, шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца (зударшца, берашца, заьпхошца) хила‚ церан дегнех Дала мухӀар тоьхна, – царна ца хаьа

    9:93
  5. يَعْتَذِرُونَ إِلَيْكُمْ إِذَا رَجَعْتُمْ إِلَيْهِمْ ۚ قُلْ لَا تَعْتَذِرُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكُمْ قَدْ نَبَّأَنَا اللَّهُ مِنْ أَخْبَارِكُمْ ۚ وَسَيَرَى اللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шуьга бехказлонаш йо цара, шу царна тӀе юхадирзича. Ахь āла: 'Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Ӏамал‚ тӀаккха шу ддерзор ду хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна (Дала) тӀе – Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг'

    9:94
  6. سَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَكُمْ إِذَا انْقَلَبْتُمْ إِلَيْهِمْ لِتُعْرِضُوا عَنْهُمْ ۖ فَأَعْرِضُوا عَنْهُمْ ۖ إِنَّهُمْ رِجْسٌ ۖ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара, шу царна тӀедирзича, шу шайх ддерзорхьама. Ддерза царах! Баккъалла а, уьш рижс ю‚ церан чугӀойла жоьжахати ю – бекхам а хилла царна карадеш хиллачунна (дуьхьал)

    9:95
  7. يَحْلِفُونَ لَكُمْ لِتَرْضَوْا عَنْهُمْ ۖ فَإِنْ تَرْضَوْا عَنْهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَرْضَىٰ عَنِ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ

    Дуйнаш буу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь а, – Дела реза хир вац фасикъ къомана

    9:96
  8. الْأَعْرَابُ أَشَدُّ كُفْرًا وَنِفَاقًا وَأَجْدَرُ أَلَّا يَعْلَمُوا حُدُودَ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Дсакхелхаш лела Ӏаьрбий керстаналлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чӀогӀа бу (кхечарал)‚ Дала Шен элчане доссийна дозанаш цахаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:97
  9. وَمِنَ الْأَعْرَابِ مَنْ يَتَّخِذُ مَا يُنْفِقُ مَغْرَمًا وَيَتَرَبَّصُ بِكُمُ الدَّوَائِرَ ۚ عَلَيْهِمْ دَائِرَةُ السَّوْءِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Дсакхелхаш лелачу Ӏаьрбех бу шаьш сагӀина луш дерг гӀуда лоруш берш‚ шуна бāланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бāла. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву

    9:98
  10. وَمِنَ الْأَعْرَابِ مَنْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَيَتَّخِذُ مَا يُنْفِقُ قُرُبَاتٍ عِنْدَ اللَّهِ وَصَلَوَاتِ الرَّسُولِ ۚ أَلَا إِنَّهَا قُرْبَةٌ لَهُمْ ۚ سَيُدْخِلُهُمُ اللَّهُ فِي رَحْمَتِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Дсакхелхаш лелачу Ӏаьрбех бу шаьш Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагӀа Далла гергахь гӀурба а‚ элчанна /шайна/ доӀа дан /некъ/ лоруш берш а. Царна гӀурба дац ткъа и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:99

Гочдар: Магомед Магомедов