Сурат 11 ХIуд
-
الر ۚ كِتَابٌ أُحْكِمَتْ آيَاتُهُ ثُمَّ فُصِّلَتْ مِنْ لَدُنْ حَكِيمٍ خَبِيرٍ
Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукма /нийса/ деш долу‚ тккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /хра/ - Ша хьукма /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера)
11:1 -
أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۚ إِنَّنِي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ
Аш Iибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. 'Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву‚ аьлла
11:2 -
وَأَنِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُمَتِّعْكُمْ مَتَاعًا حَسَنًا إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى وَيُؤْتِ كُلَّ ذِي فَضْلٍ فَضْلَهُ ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ كَبِيرٍ
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна (билгалъяккхина) хан тIекхаччалц‚ хр хьакъ долчунна шена дог хьакъ а длур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Iазапах
11:3 -
إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Деле ду шун дIадерзар. И массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву'
11:4 -
أَلَا إِنَّهُمْ يَثْنُونَ صُدُورَهُمْ لِيَسْتَخْفُوا مِنْهُ ۚ أَلَا حِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш къуьйлуш Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг
11:5 -
وَمَا مِنْ دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ إِلَّا عَلَى اللَّهِ رِزْقُهَا وَيَعْلَمُ مُسْتَقَرَّهَا وَمُسْتَوْدَعَهَا ۚ كُلٌّ فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а, – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду
11:6 -
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَكَانَ عَرْشُهُ عَلَى الْمَاءِ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۗ وَلَئِنْ قُلْتَ إِنَّكُمْ مَبْعُوثُونَ مِنْ بَعْدِ الْمَوْتِ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Iарш хина тIехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: 'Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа'‚ керстанаша аллане а эр ма ду: 'Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!'
11:7 -
وَلَئِنْ أَخَّرْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِلَىٰ أُمَّةٍ مَعْدُودَةٍ لَيَقُولُنَّ مَا يَحْبِسُهُ ۗ أَلَا يَوْمَ يَأْتِيهِمْ لَيْسَ مَصْرُوفًا عَنْهُمْ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Оха царах Iазап тIаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна‚ цара аллане а эр ма ду: 'Стено сацийна и (Iазап)?' Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дIатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дIа ма хьаьрчира
11:8 -
وَلَئِنْ أَذَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً ثُمَّ نَزَعْنَاهَا مِنْهُ إِنَّهُ لَيَئُوسٌ كَفُورٌ
Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниIматана/ керста а ма хуьлу
11:9 -
وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ نَعْمَاءَ بَعْدَ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ ذَهَبَ السَّيِّئَاتُ عَنِّي ۚ إِنَّهُ لَفَرِحٌ فَخُورٌ
Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тIаьхьа‚ цо аллане а эр ма ду: 'Къинош дIадахна суна тра'. Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу
11:10 -
إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ
Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш. Ткъа хкхарна гечдар а‚ йоккха ял а ю
11:11 -
فَلَعَلَّكَ تَارِكٌ بَعْضَ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ وَضَائِقٌ بِهِ صَدْرُكَ أَنْ يَقُولُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ كَنْزٌ أَوْ جَاءَ مَعَهُ مَلَكٌ ۚ إِنَّمَا أَنْتَ نَذِيرٌ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца ваьхьаш дуьтуш‚ цаьрца хьайн дог къуьйлуш цара олуш хиларна: 'Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цаьрца'. Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хIуманна тIехь векал ву
11:12 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا بِعَشْرِ سُوَرٍ مِثْلِهِ مُفْتَرَيَاتٍ وَادْعُوا مَنِ اسْتَطَعْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Я цара āларна: 'И цо кхоьллина'. Ахь āла: 'Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь
11:13 -
فَإِلَّمْ يَسْتَجِيبُوا لَكُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّمَا أُنْزِلَ بِعِلْمِ اللَّهِ وَأَنْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу хуьлий бусалбанаш ?'
11:14 -
مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَالَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لَا يُبْخَسُونَ
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикчу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац
11:15 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَيْسَ لَهُمْ فِي الْآخِرَةِ إِلَّا النَّارُ ۖ وَحَبِطَ مَا صَنَعُوا فِيهَا وَبَاطِلٌ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе бен хир йоцурш. ХIаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикчух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь)
11:16 -
أَفَمَنْ كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّهِ وَيَتْلُوهُ شَاهِدٌ مِنْهُ وَمِنْ قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَىٰ إِمَامًا وَرَحْمَةً ۚ أُولَٰئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۚ وَمَنْ يَكْفُرْ بِهِ مِنَ الْأَحْزَابِ فَالنَّارُ مَوْعِدُهُ ۚ فَلَا تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِنْهُ ۚ إِنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Ткъа шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна. Делахь а, дукхахболу нах ца теша
11:17 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۚ أُولَٰئِكَ يُعْرَضُونَ عَلَىٰ رَبِّهِمْ وَيَقُولُ الْأَشْهَادُ هَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ كَذَبُوا عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ أَلَا لَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ
Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIиттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: 'ХIорш бу и шайн Дела харцвинарш. Делан неIалт дац ткъа зуламхошна?!
11:18 -
الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ
Шаьш Делан некъах /нах/ дIатилош болчу‚ шаьш и бохо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш ма бу '
11:19 -
أُولَٰئِكَ لَمْ يَكُونُوا مُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ ۘ يُضَاعَفُ لَهُمُ الْعَذَابُ ۚ مَا كَانُوا يَسْتَطِيعُونَ السَّمْعَ وَمَا كَانُوا يُبْصِرُونَ
Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийца/, Дела воцург гьнчий (доладийраш) ца хилира царна. ТIеттIа Iазап ду царна. ЛадогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш
11:20
Гочдар: Магомед Магомедов