Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш)
-
اقْتَرَبَ لِلنَّاسِ حِسَابُهُمْ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ مُعْرِضُونَ
Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тIаккха а терго ца еш‚ /эхартан Iамал ярх/ дIабирзина ма бу
21:1 -
مَا يَأْتِيهِمْ مِنْ ذِكْرٍ مِنْ رَبِّهِمْ مُحْدَثٍ إِلَّا اسْتَمَعُوهُ وَهُمْ يَلْعَبُونَ
Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам цара цуьнга ладугIуш бен‚ шаьш ловзуш а долуш. (Забаре лоцу цара и)
21:2 -
لَاهِيَةً قُلُوبُهُمْ ۗ وَأَسَرُّوا النَّجْوَى الَّذِينَ ظَلَمُوا هَلْ هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ ۖ أَفَتَأْتُونَ السِّحْرَ وَأَنْتُمْ تُبْصِرُونَ
Шайн дегнаш /цуьнан маьах/ тидамбоцуш долуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: 'ХIара адам бен дац шу санна? Бозбуунчалла къобалдо аш‚ шайна гуш а долуш /и бозбуунчалла дуйла/?'
21:3 -
قَالَ رَبِّي يَعْلَمُ الْقَوْلَ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Цо (пайхамара) элира: 'Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву'
21:4 -
بَلْ قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ بَلِ افْتَرَاهُ بَلْ هُوَ شَاعِرٌ فَلْيَأْتِنَا بِآيَةٍ كَمَا أُرْسِلَ الْأَوَّلُونَ
ХIаъ‚ цара элира: 'Вовшах ийна гIенаш ду. ХIаъ‚ цо кхоьллина и. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра'
21:5 -
مَا آمَنَتْ قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا ۖ أَفَهُمْ يُؤْمِنُونَ
Ийман ца диллира царал хьалха а Оха хIаллакйинчу цхьана а юьрто. ХIокхара ийман дуьллур дара?
21:6 -
وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ ۖ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِنْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Оха ца бахкийтира хьол хьалха а божарий бен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехам болчу нахе‚ шаьш ца хууш хиллехь
21:7 -
وَمَا جَعَلْنَاهُمْ جَسَدًا لَا يَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَمَا كَانُوا خَالِدِينَ
Оха ца хилийтира царах кхача ца боу дегI‚ уьш ца лаьттира даима
21:8 -
ثُمَّ صَدَقْنَاهُمُ الْوَعْدَ فَأَنْجَيْنَاهُمْ وَمَنْ نَشَاءُ وَأَهْلَكْنَا الْمُسْرِفِينَ
ТIаккха Оха бакъхилийтира цаьрца (элчанашца хилла) ваIда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира тIаламбоцурш (элчанаш харцбинарш)
21:9 -
لَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكُمْ كِتَابًا فِيهِ ذِكْرُكُمْ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iаьрбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу?
21:10 -
وَكَمْ قَصَمْنَا مِنْ قَرْيَةٍ كَانَتْ ظَالِمَةً وَأَنْشَأْنَا بَعْدَهَا قَوْمًا آخَرِينَ
Маса йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиийра Оха царал тIаьхьа кхин къаьмнаш
21:11 -
فَلَمَّا أَحَسُّوا بَأْسَنَا إِذَا هُمْ مِنْهَا يَرْكُضُونَ
Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду
21:12 -
لَا تَرْكُضُوا وَارْجِعُوا إِلَىٰ مَا أُتْرِفْتُمْ فِيهِ وَمَسَاكِنِكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْأَلُونَ
'Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка шуьга барт хаттархьама '
21:13 -
قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
Цара элира: 'Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!'
21:14 -
فَمَا زَالَتْ تِلْكَ دَعْوَاهُمْ حَتَّىٰ جَعَلْنَاهُمْ حَصِيدًا خَامِدِينَ
И церан узарш ца сецира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хиллийтталц‚ шаьш дIатийна а буьсуш
21:15 -
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ
Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а Тхаьш ловзуш
21:16 -
لَوْ أَرَدْنَا أَنْ نَتَّخِذَ لَهْوًا لَاتَّخَذْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا إِنْ كُنَّا فَاعِلِينَ
Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара (Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а)‚ Оха и деш хилча
21:17 -
بَلْ نَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَى الْبَاطِلِ فَيَدْمَغُهُ فَإِذَا هُوَ زَاهِقٌ ۚ وَلَكُمُ الْوَيْلُ مِمَّا تَصِفُونَ
ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе – цо и дайа‚ и хIаллакхуьлу. Шуна бāла бу шаьш /Тхуна т/ кхуллучу /харц/ сибатех
21:18 -
وَلَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَنْ عِنْدَهُ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَلَا يَسْتَحْسِرُونَ
Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш
21:19 -
يُسَبِّحُونَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لَا يَفْتُرُونَ
Цара тасбахь до буса а‚ дийнахь а‚ уьш лагI ца луш
21:20
Гочдар: Магомед Магомедов