Сурат 41 Фуссилат (Къастийна)
-
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالذِّكْرِ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّهُ لَكِتَابٌ عَزِيزٌ
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх
41:41 -
لَا يَأْتِيهِ الْبَاطِلُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِ ۖ تَنْزِيلٌ مِنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍ
Харцдерг догIур дац цунна хьалхахула а‚ тIехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара
41:42 -
مَا يُقَالُ لَكَ إِلَّا مَا قَدْ قِيلَ لِلرُّسُلِ مِنْ قَبْلِكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ وَذُو عِقَابٍ أَلِيمٍ
Хьоьга ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву
41:43 -
وَلَوْ جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا أَعْجَمِيًّا لَقَالُوا لَوْلَا فُصِّلَتْ آيَاتُهُ ۖ أَأَعْجَمِيٌّ وَعَرَبِيٌّ ۗ قُلْ هُوَ لِلَّذِينَ آمَنُوا هُدًى وَشِفَاءٌ ۖ وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ فِي آذَانِهِمْ وَقْرٌ وَهُوَ عَلَيْهِمْ عَمًى ۚ أُولَٰئِكَ يُنَادَوْنَ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ
Оха иза хилийтинехьара Iаьрбех доцу Къуръан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: 'Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Iаьрбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iаьрби а волуш? Ахь āла: 'Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла'. Цатешнарш а церан лергий чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бIаьрсаза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера
41:44 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ ۗ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ
Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьукам дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх
41:45 -
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۗ وَمَا رَبُّكَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ
Дика Iамал йинарг /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна
41:46 -
إِلَيْهِ يُرَدُّ عِلْمُ السَّاعَةِ ۚ وَمَا تَخْرُجُ مِنْ ثَمَرَاتٍ مِنْ أَكْمَامِهَا وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنْثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ ۚ وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ أَيْنَ شُرَكَائِي قَالُوا آذَنَّاكَ مَا مِنَّا مِنْ شَهِيدٍ
Цунна тIе духадерзо сахьтан Iилма. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стечун кийра бер а ца лета‚ цо бер ца до Цунна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: 'Мичахь бу Сан накъостий?' Цара эр: 'Хьоьга хаийтина оха: вац тхох цхьа а теш'
41:47 -
وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَدْعُونَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَظَنُّوا مَا لَهُمْ مِنْ مَحِيصٍ
ДIатилира царах уьш хьалха шайга кхойкхуш хилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла
41:48 -
لَا يَسْأَمُ الْإِنْسَانُ مِنْ دُعَاءِ الْخَيْرِ وَإِنْ مَسَّهُ الشَّرُّ فَيَئُوسٌ قَنُوطٌ
КIор ца до адамна диканаш дехар. Нагахь санна шех вониг кхетахь, /Делан къинхетамах/ дог дуьллу цо
41:49 -
وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ رَحْمَةً مِنَّا مِنْ بَعْدِ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ هَٰذَا لِي وَمَا أَظُنُّ السَّاعَةَ قَائِمَةً وَلَئِنْ رُجِعْتُ إِلَىٰ رَبِّي إِنَّ لِي عِنْدَهُ لَلْحُسْنَىٰ ۚ فَلَنُنَبِّئَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِمَا عَمِلُوا وَلَنُذِيقَنَّهُمْ مِنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ
Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Iовшийтахь цунах зен кхетначул тIаьхьа‚ цо аланне а ма олу: 'ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт дхIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучунна тIе юхаверзавахь а суна Цуьнгахь вуно а диканиг хир ду'. Оха дийцанне а дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшийтанне а Iовшуьйтур ма ду цаьрга луьрачу Iазапах /зап/
41:50 -
وَإِذَا أَنْعَمْنَا عَلَى الْإِنْسَانِ أَعْرَضَ وَنَأَىٰ بِجَانِبِهِ وَإِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ فَذُو دُعَاءٍ عَرِيضٍ
Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьавзий. Вониг шех кхетахь дехха доIанаш деш хуьлу
41:51 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كَانَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ثُمَّ كَفَرْتُمْ بِهِ مَنْ أَضَلُّ مِمَّنْ هُوَ فِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ
Ахь āла: 'Гой шуна‚ иза /Къуръан/ Делера хилча - /и хьакъ – бакъ ду/, тIаккха аш цунна керстаналла дича, мила ву ткъа ша /цуьнца/ генарчу мостагллехь волчул вуно а тилавелларг?'
41:52 -
سَنُرِيهِمْ آيَاتِنَا فِي الْآفَاقِ وَفِي أَنْفُسِهِمْ حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُ الْحَقُّ ۗ أَوَلَمْ يَكْفِ بِرَبِّكَ أَنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигланийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-кхобучуьнца Иза массо а хIуманна тIехь теш хилар?
41:53 -
أَلَا إِنَّهُمْ فِي مِرْيَةٍ مِنْ لِقَاءِ رَبِّهِمْ ۗ أَلَا إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُحِيطٌ
Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарах шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо а хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/?
41:54
Гочдар: Магомед Магомедов