Сурат 2 Аль-бакъара (Етт)

  1. وَلِلْمُطَلَّقَاتِ مَتَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ

    Битинчу зударшна совгт лур ду хазачу гллакхехь‚ Делах кхоьручарна и далар хьакъ долуш

    2:241
  2. كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ шу хьекъале хилийтархьама

    2:242
  3. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَهُمْ أُلُوفٌ حَذَرَ الْمَوْتِ فَقَالَ لَهُمُ اللَّهُ مُوتُوا ثُمَّ أَحْيَاهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ

    Хьуна ца хаъа /хIай Мухьаммад/ баларх кхерабелла шайн цIеношкара бевдда арабевлачу эзарнашна хилларг? Дала цаьрга элира: 'Ле шу!' /Уьш белира/, тIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а, и Дела къинхетам болуш ма ву нахах, амма дукхахболчу наха баркалла ца олу

    2:243
  4. وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Къийсам латтабе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш верг а‚ хууш верг а вуйла

    2:244
  5. مَنْ ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ أَضْعَافًا كَثِيرَةً ۚ وَاللَّهُ يَقْبِضُ وَيَبْسُطُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Далла хаза декхар делларг милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъ дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду

    2:245
  6. أَلَمْ تَرَ إِلَى الْمَلَإِ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنْ بَعْدِ مُوسَىٰ إِذْ قَالُوا لِنَبِيٍّ لَهُمُ ابْعَثْ لَنَا مَلِكًا نُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ قَالَ هَلْ عَسَيْتُمْ إِنْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ أَلَّا تُقَاتِلُوا ۖ قَالُوا وَمَا لَنَا أَلَّا نُقَاتِلَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَقَدْ أُخْرِجْنَا مِنْ دِيَارِنَا وَأَبْنَائِنَا ۖ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ تَوَلَّوْا إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ

    Хьоьга ца кхаьчна Исраилан кIентех /цхьана/ элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре аьлларг? 'Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу'-ма элира цара. Цо элира: 'Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?' Цара элира: 'Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхешан цIеношкара а, тхешан доьзалех а арадаьхна хилча?' Царна тIом бар тIедиллича‚ юхабевлира уьш‚ царах цхьа кIеззиг берш боцурш. И Дела бевзаш ма ву зулам деш берш

    2:246
  7. وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ اللَّهَ قَدْ بَعَثَ لَكُمْ طَالُوتَ مَلِكًا ۚ قَالُوا أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ الْمُلْكُ عَلَيْنَا وَنَحْنُ أَحَقُّ بِالْمُلْكِ مِنْهُ وَلَمْ يُؤْتَ سَعَةً مِنَ الْمَالِ ۚ قَالَ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَاهُ عَلَيْكُمْ وَزَادَهُ بَسْطَةً فِي الْعِلْمِ وَالْجِسْمِ ۖ وَاللَّهُ يُؤْتِي مُلْكَهُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Церан пайхамара цаьрга элира: 'Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь хилла'. Цара элира: 'Цо хнда дан деза тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхни а ца делла цунна'. Цо элира: 'Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и совваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду Шена луучунна. И Дела /Шен къинхетамца массо а/ чулоцуш ву‚ Ша хууш а ву /и къинхетам хьанах бан беза/'

    2:247
  8. وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ آيَةَ مُلْكِهِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ التَّابُوتُ فِيهِ سَكِينَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَبَقِيَّةٌ مِمَّا تَرَكَ آلُ مُوسَىٰ وَآلُ هَارُونَ تَحْمِلُهُ الْمَلَائِكَةُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Церан пайхамара цаьрга элира: 'Цуьнгахь паччахьалла хиларан билгало ю шуна тIорказ дарца‚ шена чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара сакинат долуш‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш- маликаша дахьар ду иза'. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду шуна‚ шу муъманах хиллехь

    2:248
  9. فَلَمَّا فَصَلَ طَالُوتُ بِالْجُنُودِ قَالَ إِنَّ اللَّهَ مُبْتَلِيكُمْ بِنَهَرٍ فَمَنْ شَرِبَ مِنْهُ فَلَيْسَ مِنِّي وَمَنْ لَمْ يَطْعَمْهُ فَإِنَّهُ مِنِّي إِلَّا مَنِ اغْتَرَفَ غُرْفَةً بِيَدِهِ ۚ فَشَرِبُوا مِنْهُ إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۚ فَلَمَّا جَاوَزَهُ هُوَ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ قَالُوا لَا طَاقَةَ لَنَا الْيَوْمَ بِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ ۚ قَالَ الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُمْ مُلَاقُو اللَّهِ كَمْ مِنْ فِئَةٍ قَلِيلَةٍ غَلَبَتْ فِئَةً كَثِيرَةً بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: 'Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац). Цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана доцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)'. Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза (ТIалут) а, цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: 'Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутана а‚ цуьнан эскарна а тIехь'. Шаьш Далла дуьхьалкхетарг хиларх тешнаболчара элира: 'Мосазза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца'

    2:249
  10. وَلَمَّا بَرَزُوا لِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ قَالُوا رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш гучубевлча‚ цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахь собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь толам баккха'

    2:250
  11. فَهَزَمُوهُمْ بِإِذْنِ اللَّهِ وَقَتَلَ دَاوُودُ جَالُوتَ وَآتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَهُ مِمَّا يَشَاءُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَفَسَدَتِ الْأَرْضُ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Делан лаамца цара уьш эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъалалла а делира‚ Iамийра цунна Шена луург. Дала нах цхьаберш вовшашца ларбеш бацахьара‚ латта галдерадара (керстанаш толарца, бусалбанаш байарца, маьждигаш дохорца), делахь а, и Дела ву комаьршаллин да дерриге а Iаламашна тхь

    2:251
  12. تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۚ وَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъонца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ бахкийтинчарех

    2:252
  13. تِلْكَ الرُّسُلُ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۘ مِنْهُمْ مَنْ كَلَّمَ اللَّهُ ۖ وَرَفَعَ بَعْضَهُمْ دَرَجَاتٍ ۚ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ ۗ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا اقْتَتَلَ الَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ وَلَٰكِنِ اخْتَلَفُوا فَمِنْهُمْ مَنْ آمَنَ وَمِنْهُمْ مَنْ كَفَرَ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا اقْتَتَلُوا وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ

    Уьш бу элчанаш. Оха царах цхьаберш вукхарал базбина. Царах ву Дала шеца къамел динарг а‚ Цо айбина царах цхьаберш даржашкахь. Оха елира Марьяман кIанте Iийсага а билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара царал (элчанел) тIаьхьа хиллачара шайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа. Делахь а, цхьа барт ца хилла церан – царах бу тешарш а‚ царах бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург

    2:253
  14. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَنْفِقُوا مِمَّا رَزَقْنَاكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا بَيْعٌ فِيهِ وَلَا خُلَّةٌ وَلَا شَفَاعَةٌ ۗ وَالْكَافِرُونَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    ХIай иман диллинарш! Харжаш е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах‚ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а‚ шапаIат а хир доцу де тIекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зуламхой

    2:254
  15. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ ۚ لَا تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلَا نَوْمٌ ۚ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ مَنْ ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۚ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۖ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِنْ عِلْمِهِ إِلَّا بِمَا شَاءَ ۚ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۖ وَلَا يَئُودُهُ حِفْظُهُمَا ۚ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ

    АллахI (Шен ц йолу цхьа Дела) ву – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озор а наб яр а доцуш. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цунна гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царал хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIекхуьур ма бац уьш, Цунна луучул бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсий стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву

    2:255
  16. لَا إِكْرَاهَ فِي الدِّينِ ۖ قَدْ تَبَيَّنَ الرُّشْدُ مِنَ الْغَيِّ ۚ فَمَنْ يَكْفُرْ بِالطَّاغُوتِ وَيُؤْمِنْ بِاللَّهِ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَىٰ لَا انْفِصَامَ لَهَا ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Ницкъ бийр бац динехь; нийса некъ къастабелла харц некъах. ТIагIутах ца тешаш‚ Делах тешнарг – и лаьтташ ву ша хедар йоцчу чIогIачу уьйраца. И Дела ша хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву

    2:256
  17. اللَّهُ وَلِيُّ الَّذِينَ آمَنُوا يُخْرِجُهُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَوْلِيَاؤُهُمُ الطَّاغُوتُ يُخْرِجُونَهُمْ مِنَ النُّورِ إِلَى الظُّلُمَاتِ ۗ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу

    2:257
  18. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِي حَاجَّ إِبْرَاهِيمَ فِي رَبِّهِ أَنْ آتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ إِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّيَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا أُحْيِي وَأُمِيتُ ۖ قَالَ إِبْرَاهِيمُ فَإِنَّ اللَّهَ يَأْتِي بِالشَّمْسِ مِنَ الْمَشْرِقِ فَأْتِ بِهَا مِنَ الْمَغْرِبِ فَبُهِتَ الَّذِي كَفَرَ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Хьуна хаий ИбрахIимца и Кхиош-кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахIима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг'. Цо (Намруз паччахьа) элира: 'Ас ден а до‚ дала а долуьйту'. ИбрахIима элира: 'Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула'. ТIаккха вуьйхира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам

    2:258
  19. أَوْ كَالَّذِي مَرَّ عَلَىٰ قَرْيَةٍ وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىٰ يُحْيِي هَٰذِهِ اللَّهُ بَعْدَ مَوْتِهَا ۖ فَأَمَاتَهُ اللَّهُ مِائَةَ عَامٍ ثُمَّ بَعَثَهُ ۖ قَالَ كَمْ لَبِثْتَ ۖ قَالَ لَبِثْتُ يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ ۖ قَالَ بَلْ لَبِثْتَ مِائَةَ عَامٍ فَانْظُرْ إِلَىٰ طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمْ يَتَسَنَّهْ ۖ وَانْظُرْ إِلَىٰ حِمَارِكَ وَلِنَجْعَلَكَ آيَةً لِلنَّاسِ ۖ وَانْظُرْ إِلَى الْعِظَامِ كَيْفَ نُنْشِزُهَا ثُمَّ نَكْسُوهَا لَحْمًا ۚ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ قَالَ أَعْلَمُ أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т а хирцина, йохийна хиллачу? Цо элира: 'Муха денйийр ю хIара Дала еллачул тIаьхьа!?' Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: 'Мел лаьттира хьо?' Цо элира: 'Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь'. Цо (Дала) элира: 'ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тIаккха царна тIе дилха дуьллу'. И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: 'Суна хаьа Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла'

    2:259
  20. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ أَرِنِي كَيْفَ تُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۖ قَالَ أَوَلَمْ تُؤْمِنْ ۖ قَالَ بَلَىٰ وَلَٰكِنْ لِيَطْمَئِنَّ قَلْبِي ۖ قَالَ فَخُذْ أَرْبَعَةً مِنَ الطَّيْرِ فَصُرْهُنَّ إِلَيْكَ ثُمَّ اجْعَلْ عَلَىٰ كُلِّ جَبَلٍ مِنْهُنَّ جُزْءًا ثُمَّ ادْعُهُنَّ يَأْتِينَكَ سَعْيًا ۚ وَاعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    ИбрахIима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахь муха денбо белларш'. Цо (Дала) элира: 'Хьо ца теша ткъа?' Элира /ИбрахIима/: 'Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама'. /Дала/ элира: 'ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царах. ТIаккха хIор ламанна тIе цхьацца дакъа дилла царах‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза верг а‚ хьекъале верг а вуйла'

    2:260

Гочдар: Магомед Магомедов