Мусхаф., агӏо 21

  1. وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'

    2:135
  2. قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ

    Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду'

    2:136
  3. فَإِنْ آمَنُوا بِمِثْلِ مَا آمَنْتُمْ بِهِ فَقَدِ اهْتَدَوْا ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا هُمْ فِي شِقَاقٍ ۖ فَسَيَكْفِيكَهُمُ اللَّهُ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьала. Дала / церан зенах а, бохамах а лашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:137
  4. صِبْغَةَ اللَّهِ ۖ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ صِبْغَةً ۖ وَنَحْنُ لَهُ عَابِدُونَ

    /Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца. Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Iибадат до оха.”

    2:138
  5. قُلْ أَتُحَاجُّونَنَا فِي اللَّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ وَلَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُخْلِصُونَ

    Ахь āла: 'Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду'

    2:139
  6. أَمْ تَقُولُونَ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطَ كَانُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ ۗ قُلْ أَأَنْتُمْ أَعْلَمُ أَمِ اللَّهُ ۗ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَتَمَ شَهَادَةً عِنْدَهُ مِنَ اللَّهِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Я аш боху: ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан (Яъубан) тIаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: 'Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг'

    2:140
  7. تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух

    2:141

Гочдар: Магомед Магомедов