Мусхаф., агӏо 321

  1. قَالَ كَذَٰلِكَ أَتَتْكَ آيَاتُنَا فَنَسِيتَهَا ۖ وَكَذَٰلِكَ الْيَوْمَ تُنْسَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'Иштта деара хьоьга Тхан аяташ – ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву'

    20:126
  2. وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي مَنْ أَسْرَفَ وَلَمْ يُؤْمِنْ بِآيَاتِ رَبِّهِ ۚ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَشَدُّ وَأَبْقَىٰ

    Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап мелхо а чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду

    20:127
  3. أَفَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِأُولِي النُّهَىٰ

    Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан бахамашкахула дсалелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна

    20:128
  4. وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَكَانَ لِزَامًا وَأَجَلٌ مُسَمًّى

    Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара, и хилаза цадериг дара, цIе тоьхна хан а /ца хиллехьара/

    20:129
  5. فَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ غُرُوبِهَا ۖ وَمِنْ آنَاءِ اللَّيْلِ فَسَبِّحْ وَأَطْرَافَ النَّهَارِ لَعَلَّكَ تَرْضَىٰ

    Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дIабузале а. Буьйсанан заманашкахь а тасбахь де‚ дийнан тIегIешкахь а‚ – хьо реза хила там бара

    20:130
  6. وَلَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَىٰ مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِنْهُمْ زَهْرَةَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَرِزْقُ رَبِّكَ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ

    Хьан бIаьргаш данне а ма кхийдаде Оха царах шайна ниIмат деллачу марошка-зударшка – дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъ дика а‚ вуно ханна деха а ду

    20:131
  7. وَأْمُرْ أَهْلَكَ بِالصَّلَاةِ وَاصْطَبِرْ عَلَيْهَا ۖ لَا نَسْأَلُكَ رِزْقًا ۖ نَحْنُ نَرْزُقُكَ ۗ وَالْعَاقِبَةُ لِلتَّقْوَىٰ

    Омра де хьан охIле ламаз де‚ алий‚ цу тIехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъ. Оха лур ду хьуна рицкъ. ТIаьхье – /Делах/ кхерарехь ю!

    20:132
  8. وَقَالُوا لَوْلَا يَأْتِينَا بِآيَةٍ مِنْ رَبِّهِ ۚ أَوَلَمْ تَأْتِهِمْ بَيِّنَةُ مَا فِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ

    Цара элира: 'Цо (пайхамара) деънехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?' Цаьрга ца еана ткъа билгало хьалхалерчу жайнашкахь?

    20:133
  9. وَلَوْ أَنَّا أَهْلَكْنَاهُمْ بِعَذَابٍ مِنْ قَبْلِهِ لَقَالُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَذِلَّ وَنَخْزَىٰ

    Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул (пайхамарал) хьалха‚ цара эр ма дара: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ Ахь ваийтинехьара тхоьга элча, – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьIаьржа хIоттале?'

    20:134
  10. قُلْ كُلٌّ مُتَرَبِّصٌ فَتَرَبَّصُوا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ أَصْحَابُ الصِّرَاطِ السَّوِيِّ وَمَنِ اهْتَدَىٰ

    Ахь āла: 'Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тIаккха тIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш'

    20:135

Гочдар: Магомед Магомедов