Мусхаф., агӏо 356

  1. يُقَلِّبُ اللَّهُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِأُولِي الْأَبْصَارِ

    Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна

    24:44
  2. وَاللَّهُ خَلَقَ كُلَّ دَابَّةٍ مِنْ مَاءٍ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ بَطْنِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ رِجْلَيْنِ وَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ أَرْبَعٍ ۚ يَخْلُقُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Дала кхоьллина массо а дийнат хих. Царах шен гай тIехь леларг ду‚ царах шина кога тIехь леларг а ду, царах деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочург ву

    24:45
  3. لَقَدْ أَنْزَلْنَا آيَاتٍ مُبَيِّنَاتٍ ۚ وَاللَّهُ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Ōха доссина май билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа

    24:46
  4. وَيَقُولُونَ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالرَّسُولِ وَأَطَعْنَا ثُمَّ يَتَوَلَّىٰ فَرِيقٌ مِنْهُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا أُولَٰئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ

    Цара ōлу: 'Тешна тхо Делах а‚ элчанех а‚ муьтIахь а хилла тхо'. ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царах цхьа тоба цул тIаьхьа – уьш муъмин нах бац!

    24:47
  5. وَإِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ مُعْرِضُونَ

    Шаьш Далла а‚ элчанна а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан – царах цхьа тоба дуьхьалйолу

    24:48
  6. وَإِنْ يَكُنْ لَهُمُ الْحَقُّ يَأْتُوا إِلَيْهِ مُذْعِنِينَ

    Шайна хилахь бакъо – цунна тIе богIу уьш, муьтIахь хуьлий

    24:49
  7. أَفِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ أَمِ ارْتَابُوا أَمْ يَخَافُونَ أَنْ يَحِيفَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَرَسُولُهُ ۚ بَلْ أُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIаъ! Уьш зуламхой бу!

    24:50
  8. إِنَّمَا كَانَ قَوْلَ الْمُؤْمِنِينَ إِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ أَنْ يَقُولُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Баккъалла а, муъмин нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукам дан, цара āлар: 'ЛадоьгIна ōха‚ муьтIахь хилла тхо'. Уьш бу баккхийбен берш

    24:51
  9. وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!

    24:52
  10. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ أَمَرْتَهُمْ لَيَخْرُجُنَّ ۖ قُلْ لَا تُقْسِمُوا ۖ طَاعَةٌ مَعْرُوفَةٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Делаца биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахь āла: 'Аш дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг'

    24:53

Гочдар: Магомед Магомедов