Мусхаф., агӏо 373

  1. إِنْ هَٰذَا إِلَّا خُلُقُ الْأَوَّلِينَ

    ХIара хьалхалерачийн гIиллакх бен дац

    26:137
  2. وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ

    Тхуна Iазап дийр долуш дац”

    26:138
  3. فَكَذَّبُوهُ فَأَهْلَكْنَاهُمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Цара иза харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхах берш муъмин нах

    26:139
  4. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиошкхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:140
  5. كَذَّبَتْ ثَمُودُ الْمُرْسَلِينَ

    Харцбира Самудаша а элчанаш

    26:141
  6. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ صَالِحٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: “Шу ца кхоьру?

    26:142
  7. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ву

    26:143
  8. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

    26:144
  9. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цунна тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац

    26:145
  10. أَتُتْرَكُونَ فِي مَا هَاهُنَا آمِنِينَ

    Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь шаьш долчахь (хкху дуьненахь гуттар ниаташкахь), кхерам а боцуш?

    26:146
  11. فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а

    26:147
  12. وَزُرُوعٍ وَنَخْلٍ طَلْعُهَا هَضِيمٌ

    Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом хьена болчу

    26:148
  13. وَتَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا فَارِهِينَ

    Аш туьсту лаьмнех цIенош курадовлуш

    26:149
  14. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхералаш Делах‚ суна муьтIахь а хилалаш

    26:150
  15. وَلَا تُطِيعُوا أَمْرَ الْمُسْرِفِينَ

    Шу муьтIахь ма хилалаш исрап деш болчеран омрана

    26:151
  16. الَّذِينَ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ

    Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца до цара

    26:152
  17. قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مِنَ الْمُسَحَّرِينَ

    Цара элира: “Баккъалла а, хьо шена нуьцкъала бозбуунчалла динчарах ву-кх

    26:153
  18. مَا أَنْتَ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا فَأْتِ بِآيَةٍ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Хьо ма дац тхо санна адам а бен‚ дāладе делил, хьуо велахь бакълуьйчарах”

    26:154
  19. قَالَ هَٰذِهِ نَاقَةٌ لَهَا شِرْبٌ وَلَكُمْ شِرْبُ يَوْمٍ مَعْلُومٍ

    Цо элира: “ХIара эмкал ю. Цунна малар ду‚ шуна а малар ду билгалдинчу дийнахь

    26:155
  20. وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тIаккха сийлахь деза долчу дийнан Iазапо схьалоьцур ду шу”

    26:156
  21. فَعَقَرُوهَا فَأَصْبَحُوا نَادِمِينَ

    Цара цунна урс хьаькхира - уьш дохко бевлла Iуьйранга бевлира

    26:157
  22. فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах

    26:158
  23. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Дела - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:159

Гочдар: Магомед Магомедов