Мусхаф., агӏо 375
-
وَاتَّقُوا الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالْجِبِلَّةَ الْأَوَّلِينَ
Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ /шул/ хьалхалерачийн уммат а кхоьллинчух
26:184 -
قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مِنَ الْمُسَحَّرِينَ
Цара элира: “Хьо шайна бозбуунчалла диначарах ву-кх
26:185 -
وَمَا أَنْتَ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا وَإِنْ نَظُنُّكَ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ
Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарах ву аьлла
26:186 -
فَأَسْقِطْ عَلَيْنَا كِسَفًا مِنَ السَّمَاءِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Ахь егае тхуна кийсакаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарах”
26:187 -
قَالَ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ
Цо элира: “Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву-кх аш дийриг”
26:188 -
فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمْ عَذَابُ يَوْمِ الظُّلَّةِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
ТIаккха цара иза харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира IиндагIан дийнан Iазапо. Баккъалла а, иза хилира деза – доккхачу дийнан Iазап
26:189 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царах дукхах берш муъмин нах
26:190 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а
26:191 -
وَإِنَّهُ لَتَنْزِيلُ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Баккъалла а, иза /Къуръан/ - Iаламийн Дегара охьадоссар ду
26:192 -
نَزَلَ بِهِ الرُّوحُ الْأَمِينُ
Охьадоьссира цуьнца (Къуръанца) Тешаме Са
26:193 -
عَلَىٰ قَلْبِكَ لِتَكُونَ مِنَ الْمُنْذِرِينَ
/Цо дийшира и хьуна/ хьан дагчохь /чгаллалц/ хьо хилийтархьама кхерам тосучарах
26:194 -
بِلِسَانٍ عَرَبِيٍّ مُبِينٍ
Билгалчу Iаьрбийн маттахь
26:195 -
وَإِنَّهُ لَفِي زُبُرِ الْأَوَّلِينَ
Баккъалла а, иза хьалхахиллачеран жайний чохь а ду
26:196 -
أَوَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ آيَةً أَنْ يَعْلَمَهُ عُلَمَاءُ بَنِي إِسْرَائِيلَ
Царна ца хилла-те делил и хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана?
26:197 -
وَلَوْ نَزَّلْنَاهُ عَلَىٰ بَعْضِ الْأَعْجَمِينَ
Оха иза /Къуръан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга‚
26:198 -
فَقَرَأَهُ عَلَيْهِمْ مَا كَانُوا بِهِ مُؤْمِنِينَ
Цара иза царна доьшура дара - хир бацара уьш цунах а тешаш
26:199 -
كَذَٰلِكَ سَلَكْنَاهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ
Иштта диллира Оха и (Къуръан харцдар) къиношдечеран дегнашка
26:200 -
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц
26:201 -
فَيَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шайна хаа ца луш
26:202 -
فَيَقُولُوا هَلْ نَحْنُ مُنْظَرُونَ
Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?”
26:203 -
أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ
Тхан Iазапаца сихло уьш?
26:204 -
أَفَرَأَيْتَ إِنْ مَتَّعْنَاهُمْ سِنِينَ
Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бāхийтича а…
26:205 -
ثُمَّ جَاءَهُمْ مَا كَانُوا يُوعَدُونَ
ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда дина хилларг
26:206
Гочдар: Магомед Магомедов