Мусхаф., агӏо 39

  1. حَافِظُوا عَلَى الصَّلَوَاتِ وَالصَّلَاةِ الْوُسْطَىٰ وَقُومُوا لِلَّهِ قَانِتِينَ

    Ларде ламазаш а‚ юккъера ламаз а‚ дIахIитта Далла муьтIахь хилла

    2:238
  2. فَإِنْ خِفْتُمْ فَرِجَالًا أَوْ رُكْبَانًا ۖ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَاذْكُرُوا اللَّهَ كَمَا عَلَّمَكُمْ مَا لَمْ تَكُونُوا تَعْلَمُونَ

    Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш /когаштхь/ гIаш доьлхушшехь я /цхьана хманна т/хевшина доьлхушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шайна Iамадеш ма-хиллара шуна ца хууш хилларг

    2:239
  3. وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنْكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا وَصِيَّةً لِأَزْوَاجِهِمْ مَتَاعًا إِلَى الْحَوْلِ غَيْرَ إِخْرَاجٍ ۚ فَإِنْ خَرَجْنَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِي مَا فَعَلْنَ فِي أَنْفُسِهِنَّ مِنْ مَعْرُوفٍ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Шух дIакхелхинчара шайл буха зударий а битина, шайн зударшна весет дина царна оьшуш долу хма дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна диканца. И Дела веза верг а‚ хьекъале верг а ву

    2:240
  4. وَلِلْمُطَلَّقَاتِ مَتَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ

    Битинчу зударшна совгт лур ду хазачу гллакхехь‚ Делах кхоьручарна и далар хьакъ долуш

    2:241
  5. كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ шу хьекъале хилийтархьама

    2:242
  6. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَهُمْ أُلُوفٌ حَذَرَ الْمَوْتِ فَقَالَ لَهُمُ اللَّهُ مُوتُوا ثُمَّ أَحْيَاهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ

    Хьуна ца хаъа /хIай Мухьаммад/ баларх кхерабелла шайн цIеношкара бевдда арабевлачу эзарнашна хилларг? Дала цаьрга элира: 'Ле шу!' /Уьш белира/, тIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а, и Дела къинхетам болуш ма ву нахах, амма дукхахболчу наха баркалла ца олу

    2:243
  7. وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Къийсам латтабе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш верг а‚ хууш верг а вуйла

    2:244
  8. مَنْ ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ أَضْعَافًا كَثِيرَةً ۚ وَاللَّهُ يَقْبِضُ وَيَبْسُطُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Далла хаза декхар делларг милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъ дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду

    2:245

Гочдар: Магомед Магомедов