Мусхаф., агӏо 553
-
يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ الْمَلِكِ الْقُدُّوسِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
Ша паччахь волчу‚ Ша /массо а кхачамбацарех/ цна волчу‚ Ша веза волчу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волчу Далла тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а
62:1 -
هُوَ الَّذِي بَعَثَ فِي الْأُمِّيِّينَ رَسُولًا مِنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь церан шайна юккъера элча‚ цо царна дуьйцуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат а‚ уьш хьалха хиллехь а билгалчу тиларчахь
62:2 -
وَآخَرِينَ مِنْهُمْ لَمَّا يَلْحَقُوا بِهِمْ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
/Нахах/ кхечарна а /дуьйцу цо Делан аяташ/, шаьш царах (хьалха Мухьаммад пайхамарна гонахь хиллаболчарах) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
62:3 -
ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Иза Делан дозалла (сий) ду‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву
62:4 -
مَثَلُ الَّذِينَ حُمِّلُوا التَّوْرَاةَ ثُمَّ لَمْ يَحْمِلُوهَا كَمَثَلِ الْحِمَارِ يَحْمِلُ أَسْفَارًا ۚ بِئْسَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Шайна тIе Таврат диллинчеран‚ тIаккха иза д цадихьинчеран масал ду жайнаш хьочу виран масалх тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдинчу къоман масал. Дала нис ца бо зуламе нах
62:5 -
قُلْ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ هَادُوا إِنْ زَعَمْتُمْ أَنَّكُمْ أَوْلِيَاءُ لِلَّهِ مِنْ دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ахь āла: 'ХIай жуьгтий (-н динехь) хилларш! Шу моьттуш делахь шаьш Делан доттагIий ду /кхин/ нах боцуш, шуна дала лаал, шаьш бакълуьйш хиллехь'
62:6 -
وَلَا يَتَمَنَّوْنَهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Иза цIкъа а луур дац царна шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой
62:7 -
قُلْ إِنَّ الْمَوْتَ الَّذِي تَفِرُّونَ مِنْهُ فَإِنَّهُ مُلَاقِيكُمْ ۖ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Ахь āла: 'Шу шех довдуш долу и валар дуьхьалкхетар ду шуна. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлахьдерг а‚ гучахьдерг а хууш волчуьнга (Далла тIе). ТIаккха Цо ддуьйцур ду шуьга аш деш хилларг'
62:8
Гочдар: Магомед Магомедов